Сурат 20 ТахIа, аят 83 – 98

  1. وَمَا أَعْجَلَكَ عَنْ قَوْمِكَ يَا مُوسَىٰ

    'Хьо стено сихви хьан къомах‚ хIай Муса?'

    20:83
  2. قَالَ هُمْ أُولَاءِ عَلَىٰ أَثَرِي وَعَجِلْتُ إِلَيْكَ رَبِّ لِتَرْضَىٰ

    Цо элира: 'Уьш дIогахь бу сан тачча /богIуш/‚ со-м сихвелира Хьуна тIе‚ сан Кхиош-кхобург‚ Хьо реза хилархьама'

    20:84
  3. قَالَ فَإِنَّا قَدْ فَتَنَّا قَوْمَكَ مِنْ بَعْدِكَ وَأَضَلَّهُمُ السَّامِرِيُّ

    Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, Оха питане лаьцна хьан къам хьол тIаьхьа‚ уьш-м тилабина Самирийс'

    20:85
  4. فَرَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَمْ يَعِدْكُمْ رَبُّكُمْ وَعْدًا حَسَنًا ۚ أَفَطَالَ عَلَيْكُمُ الْعَهْدُ أَمْ أَرَدْتُمْ أَنْ يَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّكُمْ فَأَخْلَفْتُمْ مَوْعِدِي

    Муса шен къомана тIе юхавирзира оьгIазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: 'ХIай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваIда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваIда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун оьгзло хьарча – аш йохий сан ваIда?'

    20:86
  5. قَالُوا مَا أَخْلَفْنَا مَوْعِدَكَ بِمَلْكِنَا وَلَٰكِنَّا حُمِّلْنَا أَوْزَارًا مِنْ زِينَةِ الْقَوْمِ فَقَذَفْنَاهَا فَكَذَٰلِكَ أَلْقَى السَّامِرِيُّ

    Цара элира: 'Оха ца йохийра хьан ваIда тхан ницкъица а, тхан лаамца а‚ делахь а, тхоьга схьабаийтира /массо а/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /црга/ кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс'

    20:87
  6. فَأَخْرَجَ لَهُمْ عِجْلًا جَسَدًا لَهُ خُوَارٌ فَقَالُوا هَٰذَا إِلَٰهُكُمْ وَإِلَٰهُ مُوسَىٰ فَنَسِيَ

    Цо царна эса схьадаьккхира дегIаца шен Iехар а долуш‚ тIаккха цара элира: 'ХIара шун а Дела ву‚ Мусан а Дела ву. Цо (Мусас) вицвина /и шен Дела‚ дIавахана/'

    20:88
  7. أَفَلَا يَرَوْنَ أَلَّا يَرْجِعُ إِلَيْهِمْ قَوْلًا وَلَا يَمْلِكُ لَهُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا

    Царна ца го-те: цо (эсо) царна дош а юха ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

    20:89
  8. وَلَقَدْ قَالَ لَهُمْ هَارُونُ مِنْ قَبْلُ يَا قَوْمِ إِنَّمَا فُتِنْتُمْ بِهِ ۖ وَإِنَّ رَبَّكُمُ الرَّحْمَٰنُ فَاتَّبِعُونِي وَأَطِيعُوا أَمْرِي

    Цаьрга ХIаруна а ма элира хьалха: 'ХIай сан къам‚ шу цуьнца питане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Ар- Рахьман ву‚ суна тIаьхьахIитта‚ сан омрана муьтIахь хила'

    20:90
  9. قَالُوا لَنْ نَبْرَحَ عَلَيْهِ عَاكِفِينَ حَتَّىٰ يَرْجِعَ إِلَيْنَا مُوسَىٰ

    Цара элира: 'Тхо совцур дац цунна Iибадат дечух тхуна тIе Муса юхаверззалц'

    20:91
  10. قَالَ يَا هَارُونُ مَا مَنَعَكَ إِذْ رَأَيْتَهُمْ ضَلُّوا

    Цо элира: 'ХIай ХIарун‚ хьуна стено новкъарло йи, уьш тилабелла гича,

    20:92
  11. أَلَّا تَتَّبِعَنِ ۖ أَفَعَصَيْتَ أَمْرِي

    Суна тIаьхьахIотта? Сан омрана Iеса хилла хьо?'

    20:93
  12. قَالَ يَا ابْنَ أُمَّ لَا تَأْخُذْ بِلِحْيَتِي وَلَا بِرَأْسِي ۖ إِنِّي خَشِيتُ أَنْ تَقُولَ فَرَّقْتَ بَيْنَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَمْ تَرْقُبْ قَوْلِي

    Цо (ХIаруна) элира: 'ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахь āларна: 'Исраилан кIентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь'

    20:94
  13. قَالَ فَمَا خَطْبُكَ يَا سَامِرِيُّ

    Цо элира: 'Хьан хIун бāла бу‚ хIай Самирий?'

    20:95
  14. قَالَ بَصُرْتُ بِمَا لَمْ يَبْصُرُوا بِهِ فَقَبَضْتُ قَبْضَةً مِنْ أَثَرِ الرَّسُولِ فَنَبَذْتُهَا وَكَذَٰلِكَ سَوَّلَتْ لِي نَفْسِي

    Цо элира: 'Суна гира царна ца гинарг: ас схьалецира элчанан тачех цхьа кана /чан/‚ и кхоьссира ас /эса т/‚ иштта хаздира суна сан сино'

    20:96
  15. قَالَ فَاذْهَبْ فَإِنَّ لَكَ فِي الْحَيَاةِ أَنْ تَقُولَ لَا مِسَاسَ ۖ وَإِنَّ لَكَ مَوْعِدًا لَنْ تُخْلَفَهُ ۖ وَانْظُرْ إِلَىٰ إِلَٰهِكَ الَّذِي ظَلْتَ عَلَيْهِ عَاكِفًا ۖ لَنُحَرِّقَنَّهُ ثُمَّ لَنَنْسِفَنَّهُ فِي الْيَمِّ نَسْفًا

    Цо (Мусас Самирийчуьнга) элира: 'ДIагIо! Хьуна /дуьненан/ дахарехь хир ду /таIзар/‚ ахь олуш: 'Ма хьакхале /сох/'. Хьуна тоьхна хан ю‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Iибадат деш лаьтташ волчу‚ оха и вагаво‚ тIаккха оха и варжор ву чим бина хIорда чохь'

    20:97
  16. إِنَّمَا إِلَٰهُكُمُ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ وَسِعَ كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا

    Шун Дела АллахI ву‚ Ша воцург кхин дела воцу‚ массо а хIума чулаьцна цо Iилманца'

    20:98

Гочдар: Магомед Магомедов