Сурат 20 ТахӀа, аят 86 – 94

  1. فَرَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا ۚ قَالَ يَا قَوْمِ أَلَمْ يَعِدْكُمْ رَبُّكُمْ وَعْدًا حَسَنًا ۚ أَفَطَالَ عَلَيْكُمُ الْعَهْدُ أَمْ أَرَدْتُمْ أَنْ يَحِلَّ عَلَيْكُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّكُمْ فَأَخْلَفْتُمْ مَوْعِدِي

    Муса шен къомана тӀе юхавирзира оьгӀазвахана‚ пошме а хилла. Цо элира: 'ХӀай сан къам! Шун Кхиош-кхобучо шуьца хаза ваӀда ца йинера ткъа? Яхъели шуна ваӀда я шуна лии шайх шайн Кхиош-кхобучун оьгзло хьарча – аш йохий сан ваӀда?'

    20:86
  2. قَالُوا مَا أَخْلَفْنَا مَوْعِدَكَ بِمَلْكِنَا وَلَٰكِنَّا حُمِّلْنَا أَوْزَارًا مِنْ زِينَةِ الْقَوْمِ فَقَذَفْنَاهَا فَكَذَٰلِكَ أَلْقَى السَّامِرِيُّ

    Цара элира: 'Оха ца йохийра хьан ваӀда тхан ницкъица а, тхан лаамца а‚ делахь а, тхоьга схьабаийтира /массо а/ къоман хазнийн маххьаш‚ Оха уьш /црга/ кхиссира. Иштта кхоьссира Самийрийс'

    20:87
  3. فَأَخْرَجَ لَهُمْ عِجْلًا جَسَدًا لَهُ خُوَارٌ فَقَالُوا هَٰذَا إِلَٰهُكُمْ وَإِلَٰهُ مُوسَىٰ فَنَسِيَ

    Цо царна эса схьадаьккхира дегӀаца шен Ӏехар а долуш‚ тӀаккха цара элира: 'ХӀара шун а Дела ву‚ Мусан а Дела ву. Цо (Мусас) вицвина /и шен Дела‚ дӀавахана/'

    20:88
  4. أَفَلَا يَرَوْنَ أَلَّا يَرْجِعُ إِلَيْهِمْ قَوْلًا وَلَا يَمْلِكُ لَهُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا

    Царна ца го-те: цо (эсо) царна дош а юха ца дерзадо‚ цуьнгахь царна зен а дац‚ пайда а бац?

    20:89
  5. وَلَقَدْ قَالَ لَهُمْ هَارُونُ مِنْ قَبْلُ يَا قَوْمِ إِنَّمَا فُتِنْتُمْ بِهِ ۖ وَإِنَّ رَبَّكُمُ الرَّحْمَٰنُ فَاتَّبِعُونِي وَأَطِيعُوا أَمْرِي

    Цаьрга ХӀаруна а ма элира хьалха: 'ХӀай сан къам‚ шу цуьнца питане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Ар- Рахьман ву‚ суна тӀаьхьахӀитта‚ сан омрана муьтӀахь хила'

    20:90
  6. قَالُوا لَنْ نَبْرَحَ عَلَيْهِ عَاكِفِينَ حَتَّىٰ يَرْجِعَ إِلَيْنَا مُوسَىٰ

    Цара элира: 'Тхо совцур дац цунна Ӏибадат дечух тхуна тӀе Муса юхаверззалц'

    20:91
  7. قَالَ يَا هَارُونُ مَا مَنَعَكَ إِذْ رَأَيْتَهُمْ ضَلُّوا

    Цо элира: 'ХӀай ХӀарун‚ хьуна стено новкъарло йи, уьш тилабелла гича,

    20:92
  8. أَلَّا تَتَّبِعَنِ ۖ أَفَعَصَيْتَ أَمْرِي

    Суна тӀаьхьахӀотта? Сан омрана Ӏеса хилла хьо?'

    20:93
  9. قَالَ يَا ابْنَ أُمَّ لَا تَأْخُذْ بِلِحْيَتِي وَلَا بِرَأْسِي ۖ إِنِّي خَشِيتُ أَنْ تَقُولَ فَرَّقْتَ بَيْنَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَمْ تَرْقُبْ قَوْلِي

    Цо (ХӀаруна) элира: 'ХӀай сан ненан кӀант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахь āларна: 'Исраилан кӀентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь'

    20:94

Гочдар: Магомед Магомедов