Сурат 20 ТахӀа, аят 90 – 104
-
وَلَقَدْ قَالَ لَهُمْ هَارُونُ مِنْ قَبْلُ يَا قَوْمِ إِنَّمَا فُتِنْتُمْ بِهِ ۖ وَإِنَّ رَبَّكُمُ الرَّحْمَٰنُ فَاتَّبِعُونِي وَأَطِيعُوا أَمْرِي
Цаьрга ХӀаруна а ма элира хьалха: 'ХӀай сан къам‚ шу цуьнца питане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Ар- Рахьман ву‚ суна тӀаьхьахӀитта‚ сан омрана муьтӀахь хила'
20:90 -
قَالُوا لَنْ نَبْرَحَ عَلَيْهِ عَاكِفِينَ حَتَّىٰ يَرْجِعَ إِلَيْنَا مُوسَىٰ
Цара элира: 'Тхо совцур дац цунна Ӏибадат дечух тхуна тӀе Муса юхаверззалц'
20:91 -
قَالَ يَا هَارُونُ مَا مَنَعَكَ إِذْ رَأَيْتَهُمْ ضَلُّوا
Цо элира: 'ХӀай ХӀарун‚ хьуна стено новкъарло йи, уьш тилабелла гича,
20:92 -
أَلَّا تَتَّبِعَنِ ۖ أَفَعَصَيْتَ أَمْرِي
Суна тӀаьхьахӀотта? Сан омрана Ӏеса хилла хьо?'
20:93 -
قَالَ يَا ابْنَ أُمَّ لَا تَأْخُذْ بِلِحْيَتِي وَلَا بِرَأْسِي ۖ إِنِّي خَشِيتُ أَنْ تَقُولَ فَرَّقْتَ بَيْنَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَمْ تَرْقُبْ قَوْلِي
Цо (ХӀаруна) элира: 'ХӀай сан ненан кӀант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахь āларна: 'Исраилан кӀентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь'
20:94 -
قَالَ فَمَا خَطْبُكَ يَا سَامِرِيُّ
Цо элира: 'Хьан хӀун бāла бу‚ хӀай Самирий?'
20:95 -
قَالَ بَصُرْتُ بِمَا لَمْ يَبْصُرُوا بِهِ فَقَبَضْتُ قَبْضَةً مِنْ أَثَرِ الرَّسُولِ فَنَبَذْتُهَا وَكَذَٰلِكَ سَوَّلَتْ لِي نَفْسِي
Цо элира: 'Суна гира царна ца гинарг: ас схьалецира элчанан тачех цхьа кана /чан/‚ и кхоьссира ас /эса т/‚ иштта хаздира суна сан сино'
20:96 -
قَالَ فَاذْهَبْ فَإِنَّ لَكَ فِي الْحَيَاةِ أَنْ تَقُولَ لَا مِسَاسَ ۖ وَإِنَّ لَكَ مَوْعِدًا لَنْ تُخْلَفَهُ ۖ وَانْظُرْ إِلَىٰ إِلَٰهِكَ الَّذِي ظَلْتَ عَلَيْهِ عَاكِفًا ۖ لَنُحَرِّقَنَّهُ ثُمَّ لَنَنْسِفَنَّهُ فِي الْيَمِّ نَسْفًا
Цо (Мусас Самирийчуьнга) элира: 'ДӀагӀо! Хьуна /дуьненан/ дахарехь хир ду /таӀзар/‚ ахь олуш: 'Ма хьакхале /сох/'. Хьуна тоьхна хан ю‚ йохор йоцуш. Хьажал хьайн деле‚ хьо шена Ӏибадат деш лаьтташ волчу‚ оха и вагаво‚ тӀаккха оха и варжор ву чим бина хӀорда чохь'
20:97 -
إِنَّمَا إِلَٰهُكُمُ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ وَسِعَ كُلَّ شَيْءٍ عِلْمًا
Шун Дела АллахӀ ву‚ Ша воцург кхин дела воцу‚ массо а хӀума чулаьцна цо Ӏилманца'
20:98 -
كَذَٰلِكَ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنْبَاءِ مَا قَدْ سَبَقَ ۚ وَقَدْ آتَيْنَاكَ مِنْ لَدُنَّا ذِكْرًا
Иштта Оха дуьйцу хьоьга хабарех ша хьалхадахнарг‚ Оха делира хьоьга Тхайгара дагадайтар
20:99 -
مَنْ أَعْرَضَ عَنْهُ فَإِنَّهُ يَحْمِلُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وِزْرًا
Цунах дӀакъаьстинарг‚ милла велахь а‚ – баккъалла а, цо хьур ма бу къематдийнахь /къинойн/ мохь
20:100 -
خَالِدِينَ فِيهِ ۖ وَسَاءَ لَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ حِمْلًا
Гуттар лаьтташ цу /жоьжахати/ чохь – вон хили царна къематдийнахь мохь
20:101 -
يَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ ۚ وَنَحْشُرُ الْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍ زُرْقًا
Оцу дийнахь сур локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш /бӀаьргаш/ сенбелла
20:102 -
يَتَخَافَتُونَ بَيْنَهُمْ إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا عَشْرًا
Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: 'Аша-м ца даьккхира /цигахь/ итт /де/ бен'
20:103 -
نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ إِذْ يَقُولُ أَمْثَلُهُمْ طَرِيقَةً إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا يَوْمًا
Тхо дика хууш ду цара олург. Царах леларца уггар тоьллачара эр ду: 'Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина'
20:104
Гочдар: Магомед Магомедов