Сурат 20 ТахIа, аят 90 – 94

  1. وَلَقَدْ قَالَ لَهُمْ هَارُونُ مِنْ قَبْلُ يَا قَوْمِ إِنَّمَا فُتِنْتُمْ بِهِ ۖ وَإِنَّ رَبَّكُمُ الرَّحْمَٰنُ فَاتَّبِعُونِي وَأَطِيعُوا أَمْرِي

    Цаьрга ХIаруна а ма элира хьалха: 'ХIай сан къам‚ шу цуьнца питане лаьцна. Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург Ар- Рахьман ву‚ суна тIаьхьахIитта‚ сан омрана муьтIахь хила'

    20:90
  2. قَالُوا لَنْ نَبْرَحَ عَلَيْهِ عَاكِفِينَ حَتَّىٰ يَرْجِعَ إِلَيْنَا مُوسَىٰ

    Цара элира: 'Тхо совцур дац цунна Iибадат дечух тхуна тIе Муса юхаверззалц'

    20:91
  3. قَالَ يَا هَارُونُ مَا مَنَعَكَ إِذْ رَأَيْتَهُمْ ضَلُّوا

    Цо элира: 'ХIай ХIарун‚ хьуна стено новкъарло йи, уьш тилабелла гича,

    20:92
  4. أَلَّا تَتَّبِعَنِ ۖ أَفَعَصَيْتَ أَمْرِي

    Суна тIаьхьахIотта? Сан омрана Iеса хилла хьо?'

    20:93
  5. قَالَ يَا ابْنَ أُمَّ لَا تَأْخُذْ بِلِحْيَتِي وَلَا بِرَأْسِي ۖ إِنِّي خَشِيتُ أَنْ تَقُولَ فَرَّقْتَ بَيْنَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَلَمْ تَرْقُبْ قَوْلِي

    Цо (ХIаруна) элира: 'ХIай сан ненан кIант! Ма лаца сан маж а‚ сан корта а. Со кхийрира ахь āларна: 'Исраилан кIентий бекъна ахь‚ сан дош а тергал ца ди ахь'

    20:94

Гочдар: Магомед Магомедов