Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 1 – 10

  1. اقْتَرَبَ لِلنَّاسِ حِسَابُهُمْ وَهُمْ فِي غَفْلَةٍ مُعْرِضُونَ

    Гергадеана нахана шайца хьесап дар, уьш тӀаккха а терго ца еш‚ /эхартан Ӏамал ярх/ дӀабирзина ма бу

    21:1
  2. مَا يَأْتِيهِمْ مِنْ ذِكْرٍ مِنْ رَبِّهِمْ مُحْدَثٍ إِلَّا اسْتَمَعُوهُ وَهُمْ يَلْعَبُونَ

    Цаьрга ца богӀу шайн Кхиош-кхобучуьнгара цхьа а керла хьехам цара цуьнга ладугӀуш бен‚ шаьш ловзуш а долуш. (Забаре лоцу цара и)

    21:2
  3. لَاهِيَةً قُلُوبُهُمْ ۗ وَأَسَرُّوا النَّجْوَى الَّذِينَ ظَلَمُوا هَلْ هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ ۖ أَفَتَأْتُونَ السِّحْرَ وَأَنْتُمْ تُبْصِرُونَ

    Шайн дегнаш /цуьнан маьах/ тидамбоцуш долуш. Къайладаьккхира хабар зулам диначара: 'ХӀара адам бен дац шу санна? Бозбуунчалла къобалдо аш‚ шайна гуш а долуш /и бозбуунчалла дуйла/?'

    21:3
  4. قَالَ رَبِّي يَعْلَمُ الْقَوْلَ فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Цо (пайхамара) элира: 'Сан Кхиош-кхобучунна хаьа дош‚ стиглахь а‚ лаьттахь а /аьлла долу/. Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву'

    21:4
  5. بَلْ قَالُوا أَضْغَاثُ أَحْلَامٍ بَلِ افْتَرَاهُ بَلْ هُوَ شَاعِرٌ فَلْيَأْتِنَا بِآيَةٍ كَمَا أُرْسِلَ الْأَوَّلُونَ

    ХӀаъ‚ цара элира: 'Вовшах ийна гӀенаш ду. ХӀаъ‚ цо кхоьллина и. ХӀаъ‚ иза илланча ву. Вайга цхьа делил даийта цо‚ хьалхалернаш бахкийтаре терра'

    21:5
  6. مَا آمَنَتْ قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا ۖ أَفَهُمْ يُؤْمِنُونَ

    Ийман ца диллира царал хьалха а Оха хӀаллакйинчу цхьана а юьрто. ХӀокхара ийман дуьллур дара?

    21:6
  7. وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ إِلَّا رِجَالًا نُوحِي إِلَيْهِمْ ۖ فَاسْأَلُوا أَهْلَ الذِّكْرِ إِنْ كُنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Оха ца бахкийтира хьол хьалха а божарий бен‚ Оха цаьрга вехьеш луш. Хаттал хьехам болчу нахе‚ шаьш ца хууш хиллехь

    21:7
  8. وَمَا جَعَلْنَاهُمْ جَسَدًا لَا يَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَمَا كَانُوا خَالِدِينَ

    Оха ца хилийтира царах кхача ца боу дегӀ‚ уьш ца лаьттира даима

    21:8
  9. ثُمَّ صَدَقْنَاهُمُ الْوَعْدَ فَأَنْجَيْنَاهُمْ وَمَنْ نَشَاءُ وَأَهْلَكْنَا الْمُسْرِفِينَ

    ТӀаккха Оха бакъхилийтира цаьрца (элчанашца хилла) ваӀда. Оха хьалхабехира уьш а‚ Тхайна луурш а‚ Оха хӀаллакбира тӀаламбоцурш (элчанаш харцбинарш)

    21:9
  10. لَقَدْ أَنْزَلْنَا إِلَيْكُمْ كِتَابًا فِيهِ ذِكْرُكُمْ ۖ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Оха доссийна шуьга жайна /хӀай Ӏаьрбий/‚ шена чохь шу хьехор /шух сийдар/ долуш /и шун маттахь хиларца/‚ шу хьекъале ца хуьлу?

    21:10

Гочдар: Магомед Магомедов