Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 11 – 29

  1. وَكَمْ قَصَمْنَا مِنْ قَرْيَةٍ كَانَتْ ظَالِمَةً وَأَنْشَأْنَا بَعْدَهَا قَوْمًا آخَرِينَ

    Маса йохийна Оха зуламе хилла йолу юрт! Кхиийра Оха царал тӀаьхьа кхин къаьмнаш

    21:11
  2. فَلَمَّا أَحَسُّوا بَأْسَنَا إِذَا هُمْ مِنْهَا يَرْكُضُونَ

    Шайна Тхан ницкъ хаабелча‚ уьш цунах сиха бовду

    21:12
  3. لَا تَرْكُضُوا وَارْجِعُوا إِلَىٰ مَا أُتْرِفْتُمْ فِيهِ وَمَسَاكِنِكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْأَلُونَ

    'Ма довда! Юхадерза шу шена чохь /хьалха/ ниӀмат хиллачу /дахарна/‚ шайн хӀусамашка шуьга барт хаттархьама '

    21:13
  4. قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ

    Цара элира: 'Бала бу-кх тхуна! Баккъалла а, тхо хилла-кх зуламхой!'

    21:14
  5. فَمَا زَالَتْ تِلْكَ دَعْوَاهُمْ حَتَّىٰ جَعَلْنَاهُمْ حَصِيدًا خَامِدِينَ

    И церан узарш ца сецира Оха шаьш хьаькхна ялтин аре санна хиллийтталц‚ шаьш дӀатийна а буьсуш

    21:15
  6. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ

    Оха ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цаьршинна юккъехь ерг а Тхаьш ловзуш

    21:16
  7. لَوْ أَرَدْنَا أَنْ نَتَّخِذَ لَهْوًا لَاتَّخَذْنَاهُ مِنْ لَدُنَّا إِنْ كُنَّا فَاعِلِينَ

    Тхо хиллехьара синкъерам безаш /зудчунца я доьзалхочунца/‚ Оха и эцна хир бара Тхайгара (Тхан гергахь болчу хьурулӀинех а, маликех а)‚ Оха и деш хилча

    21:17
  8. بَلْ نَقْذِفُ بِالْحَقِّ عَلَى الْبَاطِلِ فَيَدْمَغُهُ فَإِذَا هُوَ زَاهِقٌ ۚ وَلَكُمُ الْوَيْلُ مِمَّا تَصِفُونَ

    ХӀаъ‚ Оха бакъдолчуьнца туху харцдолчунна тӀе – цо и дайа‚ и хӀаллакхуьлу. Шуна бāла бу шаьш /Тхуна т/ кхуллучу /харц/ сибатех

    21:18
  9. وَلَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَنْ عِنْدَهُ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَلَا يَسْتَحْسِرُونَ

    Цуьнан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел берш. Цунна гергахь берш кура ца бовлу Цунна Ӏибадат дан‚ кӀад ца ло уьш

    21:19
  10. يُسَبِّحُونَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ لَا يَفْتُرُونَ

    Цара тасбахь до буса а‚ дийнахь а‚ уьш лагӀ ца луш

    21:20
  11. أَمِ اتَّخَذُوا آلِهَةً مِنَ الْأَرْضِ هُمْ يُنْشِرُونَ

    Ткъа цара эцна-те делий лаьттах, цара денбеш /белларш/?

    21:21
  12. لَوْ كَانَ فِيهِمَا آلِهَةٌ إِلَّا اللَّهُ لَفَسَدَتَا ۚ فَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ

    Цу шиннахьа а АллахӀ воцург /кхин/ делий хиллехьара – уьш шиъа хӀаллакхилла хир яра. ЦӀена ву и Дела‚ Ӏаршан Да‚ цара /Шена т/ кхуллучу харц сибатех

    21:22
  13. لَا يُسْأَلُ عَمَّا يَفْعَلُ وَهُمْ يُسْأَلُونَ

    Цуьнга ца хотту Цо дечух‚ цаьрга хоттур ду /цара дуьненахь динчух лаьцна/

    21:23
  14. أَمِ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ آلِهَةً ۖ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ ۖ هَٰذَا ذِكْرُ مَنْ مَعِيَ وَذِكْرُ مَنْ قَبْلِي ۗ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ الْحَقَّ ۖ فَهُمْ مُعْرِضُونَ

    Ткъа цара лийцина И воцург /кхин/ делий? Ахь āла: 'Дāладе шайн тешаллаш! ХӀара хьехам бу соьца болчеран а (Къуръан)‚ сол хьалха хиллачеран а (Таврат а, Инжил а, кхин жайнаш а – царна чохь массанхьа а Дела цхьаъхилар чӀагъдеш ду). ХӀаъ‚ дукхахболчарна ца хаьа бакъдерг‚ уьш дуьхьалбевлла'

    21:24
  15. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا نُوحِي إِلَيْهِ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاعْبُدُونِ

    Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча‚ Оха шега вехьеца хоуьйтуш бен кхин дела вац Со бен‚ Суна Ӏибадат дейша‚ аьлла

    21:25
  16. وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَٰنُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۚ بَلْ عِبَادٌ مُكْرَمُونَ

    Цара элира: 'Лаьцна Къинхетам болчо доьзалхо'. Вонах цӀена ву Иза! Уьш-м сийлахь болу леш бай!

    21:26
  17. لَا يَسْبِقُونَهُ بِالْقَوْلِ وَهُمْ بِأَمْرِهِ يَعْمَلُونَ

    Уьш (пайхамараш) Цул хьалха ца бовлу дашца‚ уьш Цуьнан омраца мал еш бу

    21:27
  18. يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يَشْفَعُونَ إِلَّا لِمَنِ ارْتَضَىٰ وَهُمْ مِنْ خَشْيَتِهِ مُشْفِقُونَ

    Цунна хаьа церан хьалхахь дерг а‚ церан тӀехьахь дерг а, цара шапаӀат дийр дац Иза шена реза хиллачунна бен‚ уьш Цунах кхоьруш, эгош бу

    21:28
  19. وَمَنْ يَقُلْ مِنْهُمْ إِنِّي إِلَٰهٌ مِنْ دُونِهِ فَذَٰلِكَ نَجْزِيهِ جَهَنَّمَ ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ

    Милла велахь а‚ царах олуш: 'Со ву дела‚ Иза а воцуш'‚ цунна бекхам бийр бу Оха жоьжахатица. Иштта бекхам бо Оха зуламхошна

    21:29

Гочдар: Магомед Магомедов