Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 30 – 33

  1. أَوَلَمْ يَرَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ كَانَتَا رَتْقًا فَفَتَقْنَاهُمَا ۖ وَجَعَلْنَا مِنَ الْمَاءِ كُلَّ شَيْءٍ حَيٍّ ۖ أَفَلَا يُؤْمِنُونَ

    Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшаххоттаделла? Оха уьш къастийра! Оха кхоьллира хих массо а дийна (са долу) хӀума. Уьш ца теша-те?

    21:30
  2. وَجَعَلْنَا فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِهِمْ وَجَعَلْنَا فِيهَا فِجَاجًا سُبُلًا لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ

    Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чӀагӀдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогӀин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх

    21:31
  3. وَجَعَلْنَا السَّمَاءَ سَقْفًا مَحْفُوظًا ۖ وَهُمْ عَنْ آيَاتِهَا مُعْرِضُونَ

    Оха хилийтира стигалах ша Ӏалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан (стиглан) аятех дбоьрзуш бу /ойла ца еш/

    21:32
  4. وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ

    Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо а шен меттехь нека деш ю

    21:33

Гочдар: Магомед Магомедов