Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 30 – 41

  1. أَوَلَمْ يَرَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ كَانَتَا رَتْقًا فَفَتَقْنَاهُمَا ۖ وَجَعَلْنَا مِنَ الْمَاءِ كُلَّ شَيْءٍ حَيٍّ ۖ أَفَلَا يُؤْمِنُونَ

    Цатешачарна ца го-техьа стигланаш а‚ латта а хилла хилар вовшаххоттаделла? Оха уьш къастийра! Оха кхоьллира хих массо а дийна (са долу) хӀума. Уьш ца теша-те?

    21:30
  2. وَجَعَلْنَا فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِهِمْ وَجَعَلْنَا فِيهَا فِجَاجًا سُبُلًا لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ

    Оха хилийтира лаьттахь лаьмнаш‚ иза цаьрца чӀагӀдалийтархьама. Оха хилийтира цу чохь тогӀин некъаш – уьш нийсачу новкъа баха мегар-кх

    21:31
  3. وَجَعَلْنَا السَّمَاءَ سَقْفًا مَحْفُوظًا ۖ وَهُمْ عَنْ آيَاتِهَا مُعْرِضُونَ

    Оха хилийтира стигалах ша Ӏалашбеш болу тхов‚ ткъа уьш цуьнан (стиглан) аятех дбоьрзуш бу /ойла ца еш/

    21:32
  4. وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ

    Иза ву Ша кхоьллинарг буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Массо а шен меттехь нека деш ю

    21:33
  5. وَمَا جَعَلْنَا لِبَشَرٍ مِنْ قَبْلِكَ الْخُلْدَ ۖ أَفَإِنْ مِتَّ فَهُمُ الْخَالِدُونَ

    Оха ца хилийтина адамна хьол хьалха а абаде. Ткъа хьо велча, уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?

    21:34
  6. كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۗ وَنَبْلُوكُمْ بِالشَّرِّ وَالْخَيْرِ فِتْنَةً ۖ وَإِلَيْنَا تُرْجَعُونَ

    Массо а сино Ӏовшур ду далар. Оха зуьйр ду шу вонаца а‚ диканца а питана хилла. Тхуна тӀе юхадерзор долуш а ду шу

    21:35
  7. وَإِذَا رَآكَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا الَّذِي يَذْكُرُ آلِهَتَكُمْ وَهُمْ بِذِكْرِ الرَّحْمَٰنِ هُمْ كَافِرُونَ

    Цатешачарна хьо гича‚ хьо сийсазвой бен тӀе ца лоцу цара: 'ХӀара ву шун делий хьехош верг?' Ткъа уьш Къинхетам берг хьехорна керста бу

    21:36
  8. خُلِقَ الْإِنْسَانُ مِنْ عَجَلٍ ۚ سَأُرِيكُمْ آيَاتِي فَلَا تَسْتَعْجِلُونِ

    Адам кхоьллина сихонах. Гойтур ду Ас шуна Сан делилаш‚ аш Со сих ма ве!

    21:37
  9. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара олу: 'Маца хир ю и ваӀда /кхочуш/‚ шу бакълуьйш хиллехь?'

    21:38
  10. لَوْ يَعْلَمُ الَّذِينَ كَفَرُوا حِينَ لَا يَكُفُّونَ عَنْ وُجُوهِهِمُ النَّارَ وَلَا عَنْ ظُهُورِهِمْ وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Хаахьара цатешачарна шаьш шайн яххьашна тӀера а, шайн баккъашна тӀера а цӀе дӀа тоьттур йоцу‚ шайна гӀо хир доцу хан! /Ма сих дийр дацара цара тӀаккха и Делан Ӏазап/!

    21:39
  11. بَلْ تَأْتِيهِمْ بَغْتَةً فَتَبْهَتُهُمْ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ رَدَّهَا وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ

    ХӀаъ‚ царна тӀе догӀур ду и /къематде/ цӀеххьана‚ уьш хьере бийр бу цо‚ царна могур дац и духатоха‚ уьш /цунах/ тӀаьхьатоттур а бац

    21:40
  12. وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Сийсазбина элчанаш хьол хьалха а. Царах (элчанех) ца бēшаш хиллачарах шайх хьакхаделира шаьш сийсаздеш хилларг

    21:41

Гочдар: Магомед Магомедов