Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 42 – 50

  1. قُلْ مَنْ يَكْلَؤُكُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ مِنَ الرَّحْمَٰنِ ۗ بَلْ هُمْ عَنْ ذِكْرِ رَبِّهِمْ مُعْرِضُونَ

    Ахь āла /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'Хьан лардийр ду шу буса а‚ дийнахь а Къинхетам болчух /Делах–Цуьнан Ӏазапах/?' ХӀаъ‚ уьш шайн Кхиош-кхобург хьехорх дбоьрзуш ма бу

    21:42
  2. أَمْ لَهُمْ آلِهَةٌ تَمْنَعُهُمْ مِنْ دُونِنَا ۚ لَا يَسْتَطِيعُونَ نَصْرَ أَنْفُسِهِمْ وَلَا هُمْ مِنَّا يُصْحَبُونَ

    Я церан, Тхо доцург, /кхин/ делий бу-те, шаьш уьш духатухур болуш /Ӏазапах/? Царна могур дац шайна гӀо дан а‚ уьш Тхох /Тхан Ӏазапах/ ларор ма бац

    21:43
  3. بَلْ مَتَّعْنَا هَٰؤُلَاءِ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ طَالَ عَلَيْهِمُ الْعُمُرُ ۗ أَفَلَا يَرَوْنَ أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنْقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ أَفَهُمُ الْغَالِبُونَ

    ХӀаъ‚ Оха ниӀматаш деллера хӀокхарна а‚ церан дайшна а шайна тӀехь оьмар яхъяллалц. Царна ца го-те Тхо дохкуш латта эшадеш шен йисташкахула? Уьш бу ткъа тоьлларш?

    21:44
  4. قُلْ إِنَّمَا أُنْذِرُكُمْ بِالْوَحْيِ ۚ وَلَا يَسْمَعُ الصُّمُّ الدُّعَاءَ إِذَا مَا يُنْذَرُونَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, ас шуна кхерам тосу вехьеца. Ца хеза-кх къора болчарна кхайкхам, шайна кхерам тосуш'

    21:45
  5. وَلَئِنْ مَسَّتْهُمْ نَفْحَةٌ مِنْ عَذَابِ رَبِّكَ لَيَقُولُنَّ يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ

    Хьан Кхиош-кхобучун Ӏазапан хӀо хьакхаро шаьш схьалецча, цара аллане а эр ма ду: 'Ма /боккха/ бāла бу-кх тхуна! Тхо хилла-кх зуламхой!'

    21:46
  6. وَنَضَعُ الْمَوَازِينَ الْقِسْطَ لِيَوْمِ الْقِيَامَةِ فَلَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا ۖ وَإِنْ كَانَ مِثْقَالَ حَبَّةٍ مِنْ خَرْدَلٍ أَتَيْنَا بِهَا ۗ وَكَفَىٰ بِنَا حَاسِبِينَ

    Оха хӀоттор ю къематденна нийсонан терзанаш‚ зулам дийр дац синна /цхьана а/ хӀуманца. КӀоллан буьртиган барамехь ерг а дӀалур ю Оха. Хьесап дийраш хила кхачо ю Тхан

    21:47
  7. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَىٰ وَهَارُونَ الْفُرْقَانَ وَضِيَاءً وَذِكْرًا لِلْمُتَّقِينَ

    Оха белира Мусага а‚ ХӀаруне а къастам а‚ серло а‚ хьехам а /Делах/ кхоьруш болчарна

    21:48
  8. الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ بِالْغَيْبِ وَهُمْ مِنَ السَّاعَةِ مُشْفِقُونَ

    Ишттанаш бу уьш‚ шаьш кхоьруш шайн Кхиош-кхобучух‚ И /бьргашца/ гуш воццушехь‚ уьш бу сахьтах /кхоьруш/, бегабеш

    21:49
  9. وَهَٰذَا ذِكْرٌ مُبَارَكٌ أَنْزَلْنَاهُ ۚ أَفَأَنْتُمْ لَهُ مُنْكِرُونَ

    ХӀара /Къуръан/ беркате хьехам бу‚ Оха ша боссийна болу. Аш цунна инкарло йо?

    21:50

Гочдар: Магомед Магомедов