Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 51 – 75
-
وَلَقَدْ آتَيْنَا إِبْرَاهِيمَ رُشْدَهُ مِنْ قَبْلُ وَكُنَّا بِهِ عَالِمِينَ
Оха белира ИбрахӀиме а хьалха шен нийса некъ‚ Тхо и вевзаш дара
21:51 -
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا هَٰذِهِ التَّمَاثِيلُ الَّتِي أَنْتُمْ لَهَا عَاكِفُونَ
Хьахаде! Цо аьллера шен дега а‚ цуьнан къоме а: 'ХӀорш хӀун суьрташ (жарш) ду‚ шу шайна гуора оьхуш долу?'
21:52 -
قَالُوا وَجَدْنَا آبَاءَنَا لَهَا عَابِدِينَ
Цара элира: 'Тхуна карийна тхан дай царна Ӏибадат деш'
21:53 -
قَالَ لَقَدْ كُنْتُمْ أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Цо (Ибрахма) элира: 'Шу а‚ шун дай а хилла-кх билгалчу тилар чохь'
21:54 -
قَالُوا أَجِئْتَنَا بِالْحَقِّ أَمْ أَنْتَ مِنَ اللَّاعِبِينَ
Цара элира: 'Хьо тхуна веана-те бакъдолчуьнца‚ я хьо /тхо/ ловзочарех ву-те?!'
21:55 -
قَالَ بَلْ رَبُّكُمْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الَّذِي فَطَرَهُنَّ وَأَنَا عَلَىٰ ذَٰلِكُمْ مِنَ الشَّاهِدِينَ
Цо элира: 'ХӀаъ‚ шун Кхиош-кхобург ву стигланийн а‚ лаьттан а Кхиош-кхобург‚ Ша уьш кхоьллина а ву /хӀумма йоцчу хӀуманах/‚ со оцунна тӀехь тешалла дечарах ву-кх
21:56 -
وَتَاللَّهِ لَأَكِيدَنَّ أَصْنَامَكُمْ بَعْدَ أَنْ تُوَلُّوا مُدْبِرِينَ
Делаца дуй боу ас: шун цӀушна (жаршна) янне а мекарло йийр ма ю ас шу /царах/ баккъаш берзийна генадевллачул тӀаьхьа '
21:57 -
فَجَعَلَهُمْ جُذَاذًا إِلَّا كَبِيرًا لَهُمْ لَعَلَّهُمْ إِلَيْهِ يَرْجِعُونَ
ТӀаккха цо царах кескаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тӀе берза мегара
21:58 -
قَالُوا مَنْ فَعَلَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا إِنَّهُ لَمِنَ الظَّالِمِينَ
Цара элира: 'Хьан дина хӀара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!'
21:59 -
قَالُوا سَمِعْنَا فَتًى يَذْكُرُهُمْ يُقَالُ لَهُ إِبْرَاهِيمُ
Элира /царах Ибрахма аьлларг хезначара/: 'Тхуна хезира цхьа кӀант уьш (вай делий) хьехош‚ цунах ИбрахӀим олура'
21:60 -
قَالُوا فَأْتُوا بِهِ عَلَىٰ أَعْيُنِ النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَشْهَدُونَ
Элира /паччахьа Намруза а, цуьнан хьолдайша а/: 'Схьавалаве иза нехан бӀаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара'
21:61 -
قَالُوا أَأَنْتَ فَعَلْتَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا يَا إِبْرَاهِيمُ
Цара элира: 'Ахь дина хӀара тхан делашна тхь‚ хӀай ИбрахӀим?'
21:62 -
قَالَ بَلْ فَعَلَهُ كَبِيرُهُمْ هَٰذَا فَاسْأَلُوهُمْ إِنْ كَانُوا يَنْطِقُونَ
Цо элира: 'ХӀан-хӀа. И дина хӀокху царах воккхучо. Аш цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!'
21:63 -
فَرَجَعُوا إِلَىٰ أَنْفُسِهِمْ فَقَالُوا إِنَّكُمْ أَنْتُمُ الظَّالِمُونَ
Уьш шаьш шайна тӀебирзира‚ цара элира: 'Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!'
21:64 -
ثُمَّ نُكِسُوا عَلَىٰ رُءُوسِهِمْ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا هَٰؤُلَاءِ يَنْطِقُونَ
Тккха церан кортош охьабахийтира /эхьхетаро/, /олуш/: 'Хьуна ма хаьий хрш бист ца хуьлий'
21:65 -
قَالَ أَفَتَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُكُمْ شَيْئًا وَلَا يَضُرُّكُمْ
Цо (ИбрахӀима) элира: 'Ткъа аш Ӏибадат до‚ Дела а вуьтий‚ шайна хӀумма а пайда а ца бечунна‚ зен а ца дечунна?
21:66 -
أُفٍّ لَكُمْ وَلِمَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Туф! Шуна а‚ Дела а витина‚ аш Ӏибадат дечарна а! Шу хьекъале ца хуьлу-те?'
21:67 -
قَالُوا حَرِّقُوهُ وَانْصُرُوا آلِهَتَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ فَاعِلِينَ
Цара элира: 'Вāгаве и (ИбрахӀим)‚ гӀо де шайн делашна‚ шаьш /гӀуллакх/ деш хиллехь!'
21:68 -
قُلْنَا يَا نَارُ كُونِي بَرْدًا وَسَلَامًا عَلَىٰ إِبْرَاهِيمَ
Оха элира: 'ХӀай цӀе! Хьох хилалахь ИбрахӀимна шело а‚ маршо а'
21:69 -
وَأَرَادُوا بِهِ كَيْدًا فَجَعَلْنَاهُمُ الْأَخْسَرِينَ
Царна йийзира цунна дуьхьал мекарло– Оха уьш хилийтира доккха зен хиллачарах
21:70 -
وَنَجَّيْنَاهُ وَلُوطًا إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا لِلْعَالَمِينَ
Оха кӀелхьарваьккхира иза а‚ ЛутӀ а‚ Оха ша Ӏаламашна беркате динчу латта т /Шама дхьажийра/
21:71 -
وَوَهَبْنَا لَهُ إِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ نَافِلَةً ۖ وَكُلًّا جَعَلْنَا صَالِحِينَ
Оха цунна велира Исхьакъ а‚ кхин совгӀатана ЯӀкъуб а. /Уьш/ берриге а хилийтира диканаш
21:72 -
وَجَعَلْنَاهُمْ أَئِمَّةً يَهْدُونَ بِأَمْرِنَا وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِمْ فِعْلَ الْخَيْرَاتِ وَإِقَامَ الصَّلَاةِ وَإِيتَاءَ الزَّكَاةِ ۖ وَكَانُوا لَنَا عَابِدِينَ
Оха царах хилийтира тхьамданаш, Тхан омраца шаьш /нахана/ нийса некъ гойтуш. Оха цаьрга хаийтира диканаш дар а‚ ламаз хӀоттадар а‚ закат далар а. Уьш хилира Тхуна Ӏибадат деш
21:73 -
وَلُوطًا آتَيْنَاهُ حُكْمًا وَعِلْمًا وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَتْ تَعْمَلُ الْخَبَائِثَ ۗ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَاسِقِينَ
ЛутӀана а делира Оха хьукам а‚ Ӏилма а. Оха и кӀелхьарваьккхира ша боьханаш деш хилла йолчу юьртара. Баккъалла а, уьш хилира вонан нах‚ песакъаш
21:74 -
وَأَدْخَلْنَاهُ فِي رَحْمَتِنَا ۖ إِنَّهُ مِنَ الصَّالِحِينَ
Оха иза (ЛутӀ пайхамар) воьллира Тхан къинхетам чу. Баккъалла а, иза дикачарах ву
21:75
Гочдар: Магомед Магомедов