Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 57 – 65

  1. وَتَاللَّهِ لَأَكِيدَنَّ أَصْنَامَكُمْ بَعْدَ أَنْ تُوَلُّوا مُدْبِرِينَ

    Делаца дуй боу ас: шун цӀушна (жаршна) янне а мекарло йийр ма ю ас шу /царах/ баккъаш берзийна генадевллачул тӀаьхьа '

    21:57
  2. فَجَعَلَهُمْ جُذَاذًا إِلَّا كَبِيرًا لَهُمْ لَعَلَّهُمْ إِلَيْهِ يَرْجِعُونَ

    ТӀаккха цо царах кескаш йира‚ церан йоккханиг йиссалц – уьш цунна тӀе берза мегара

    21:58
  3. قَالُوا مَنْ فَعَلَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا إِنَّهُ لَمِنَ الظَّالِمِينَ

    Цара элира: 'Хьан дина хӀара вайн делашна? Баккъалла а, и зулам диначарах ву-кх!'

    21:59
  4. قَالُوا سَمِعْنَا فَتًى يَذْكُرُهُمْ يُقَالُ لَهُ إِبْرَاهِيمُ

    Элира /царах Ибрахма аьлларг хезначара/: 'Тхуна хезира цхьа кӀант уьш (вай делий) хьехош‚ цунах ИбрахӀим олура'

    21:60
  5. قَالُوا فَأْتُوا بِهِ عَلَىٰ أَعْيُنِ النَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَشْهَدُونَ

    Элира /паччахьа Намруза а, цуьнан хьолдайша а/: 'Схьавалаве иза нехан бӀаьргашна хьалха – цара тешалла дан мегара'

    21:61
  6. قَالُوا أَأَنْتَ فَعَلْتَ هَٰذَا بِآلِهَتِنَا يَا إِبْرَاهِيمُ

    Цара элира: 'Ахь дина хӀара тхан делашна тхь‚ хӀай ИбрахӀим?'

    21:62
  7. قَالَ بَلْ فَعَلَهُ كَبِيرُهُمْ هَٰذَا فَاسْأَلُوهُمْ إِنْ كَانُوا يَنْطِقُونَ

    Цо элира: 'ХӀан-хӀа. И дина хӀокху царах воккхучо. Аш цаьрга хаттийша‚ уьш бистхуьлуш хиллехь!'

    21:63
  8. فَرَجَعُوا إِلَىٰ أَنْفُسِهِمْ فَقَالُوا إِنَّكُمْ أَنْتُمُ الظَّالِمُونَ

    Уьш шаьш шайна тӀебирзира‚ цара элира: 'Баккъалла а, шу ду-кх зуламхой!'

    21:64
  9. ثُمَّ نُكِسُوا عَلَىٰ رُءُوسِهِمْ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا هَٰؤُلَاءِ يَنْطِقُونَ

    Тккха церан кортош охьабахийтира /эхьхетаро/, /олуш/: 'Хьуна ма хаьий хрш бист ца хуьлий'

    21:65

Гочдар: Магомед Магомедов