Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 76 – 93
-
وَنُوحًا إِذْ نَادَىٰ مِنْ قَبْلُ فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ مِنَ الْكَرْبِ الْعَظِيمِ
Нухь а‚ цо кхайкхира хьалха. Оха цунна жоп делира: кӀелхьарваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а боккхачу бāланах
21:76 -
وَنَصَرْنَاهُ مِنَ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمَ سَوْءٍ فَأَغْرَقْنَاهُمْ أَجْمَعِينَ
Оха ларвира иза Тхан аяташ харцдинчу нахах. Баккъалла а, уьш бара вочу хӀуманан нах‚ Оха уьш берриге а /хина/ бухабахийтира
21:77 -
وَدَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ إِذْ يَحْكُمَانِ فِي الْحَرْثِ إِذْ نَفَشَتْ فِيهِ غَنَمُ الْقَوْمِ وَكُنَّا لِحُكْمِهِمْ شَاهِدِينَ
Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукам дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагӀаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукаман тешаш
21:78 -
فَفَهَّمْنَاهَا سُلَيْمَانَ ۚ وَكُلًّا آتَيْنَا حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَسَخَّرْنَا مَعَ دَاوُودَ الْجِبَالَ يُسَبِّحْنَ وَالطَّيْرَ ۚ وَكُنَّا فَاعِلِينَ
Оха цунах (хьукамах) кхетийтира Сулейман а. /Цу шиннах/ хранна а Оха делира хьукам а‚ Ӏилма а. Оха муьтӀахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш, олхазарш а /дира Оха цунна муьтхь/‚ тхо хилира /гӀуллакх/ дийраш
21:79 -
وَعَلَّمْنَاهُ صَنْعَةَ لَبُوسٍ لَكُمْ لِتُحْصِنَكُمْ مِنْ بَأْسِكُمْ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ شَاكِرُونَ
Оха цунна Ӏамийра шуна бедарш яр‚ цара шу Ӏалашдархьама шун /мостагйн/ ницкъах. Аш баркалла ца олу?
21:80 -
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ عَاصِفَةً تَجْرِي بِأَمْرِهِ إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا ۚ وَكُنَّا بِكُلِّ شَيْءٍ عَالِمِينَ
Сулейманна а /муьтӀахь бира Оха/ нуьцкъала мох - дӀасалелаш Тхан омраца Оха ша беркате дина хиллачу лаьттахула. Тхо хилла массо а хӀума хууш дерш
21:81 -
وَمِنَ الشَّيَاطِينِ مَنْ يَغُوصُونَ لَهُ وَيَعْمَلُونَ عَمَلًا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَكُنَّا لَهُمْ حَافِظِينَ
ШайтӀанех а хилла цунна /хӀорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Ӏалашдийраш
21:82 -
وَأَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الضُّرُّ وَأَنْتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ
Аюб а /хьахаве/. Цо кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: 'Со бāлано лаьцна‚ Хьо къинхетам болчарах а уггар къинхетаме верг ву-кх'
21:83 -
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ فَكَشَفْنَا مَا بِهِ مِنْ ضُرٍّ ۖ وَآتَيْنَاهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُمْ مَعَهُمْ رَحْمَةً مِنْ عِنْدِنَا وَذِكْرَىٰ لِلْعَابِدِينَ
Оха цунна жоп делира‚ айбира цуьнца хилла бāла‚ белира цунна шен доьзал а‚ цаьрца цхьана кхин ишттал‚ Тхан гергара къинхетам а хилла‚ Ӏибадат дечарна хьехам а хилла
21:84 -
وَإِسْمَاعِيلَ وَإِدْرِيسَ وَذَا الْكِفْلِ ۖ كُلٌّ مِنَ الصَّابِرِينَ
/Хьахаве/ ИсмаӀил а‚ Идрис а‚ Зуль-Кифл а‚ массо а собаре хиллачарах бу
21:85 -
وَأَدْخَلْنَاهُمْ فِي رَحْمَتِنَا ۖ إِنَّهُمْ مِنَ الصَّالِحِينَ
Тхан къинхетам чу бахийтира Оха уьш. Баккъалла а, уьш дикачарах бу
21:86 -
وَذَا النُّونِ إِذْ ذَهَبَ مُغَاضِبًا فَظَنَّ أَنْ لَنْ نَقْدِرَ عَلَيْهِ فَنَادَىٰ فِي الظُّلُمَاتِ أَنْ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنْتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنْتُ مِنَ الظَّالِمِينَ
Зун-Нун а‚ дӀавахара иза оьгӀазвахана‚ цунна хаалора Оха ша гатвийр воцийла таар дарца. ТӀаккха цо кхайкхира боданехь: 'Хьо воцург кхин Дела вац‚ вонах цӀена ву-кх Хьо‚ со хилла-кх зулам дечарах'
21:87 -
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَنَجَّيْنَاهُ مِنَ الْغَمِّ ۚ وَكَذَٰلِكَ نُنْجِي الْمُؤْمِنِينَ
Оха цунна жоп делира‚ и кӀелхьарваьккхира сингаттамах. Иштта кӀелхьарбоху Оха муъмин нах
21:88 -
وَزَكَرِيَّا إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ رَبِّ لَا تَذَرْنِي فَرْدًا وَأَنْتَ خَيْرُ الْوَارِثِينَ
Закарийа /хьахаве/, цо кхайкхира шенКхиош-кхобучуьнга: 'Со Кхиош-кхобург‚ ма витахь со цхьа‚ Хьо ирс лучарах уггар диканиг ма вара!'
21:89 -
فَاسْتَجَبْنَا لَهُ وَوَهَبْنَا لَهُ يَحْيَىٰ وَأَصْلَحْنَا لَهُ زَوْجَهُ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَيَدْعُونَنَا رَغَبًا وَرَهَبًا ۖ وَكَانُوا لَنَا خَاشِعِينَ
Цунна а жоп делира Оха‚ велира цунна /кӀант/ Яхьъя‚ Оха цунна тоялийтира цуьнан зуда. Баккъалла а, уьш хилира сихлуш диканаш дарехь‚ Тхоьга кхойкхура дог дохуш /Тхан дикане/‚ кхоьруш /Тхан Ӏазапах/. Уьш хилира Тхох кхоьруш
21:90 -
وَالَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهَا مِنْ رُوحِنَا وَجَعَلْنَاهَا وَابْنَهَا آيَةً لِلْعَالَمِينَ
И шен йотагалла Ӏалашдинарг а /хьехайе/‚ Оха цунна Тхан сих са чудиллира. Цунах а‚ цуьнан кӀантах а /массо а/ Ӏаламна делил хилийтира Оха
21:91 -
إِنَّ هَٰذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاعْبُدُونِ
Баккъалла а, хӀара шун уммат цхъа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург а ву‚ Суна Ӏибадат дейша
21:92 -
وَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ ۖ كُلٌّ إِلَيْنَا رَاجِعُونَ
Цара (тӀаьхьабогӀучара) дийкъира шайн гӀуллакх вовшашна юккъехь. Массо а Тхуна тӀе юхабоьрзу
21:93
Гочдар: Магомед Магомедов