Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 78 – 82

  1. وَدَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ إِذْ يَحْكُمَانِ فِي الْحَرْثِ إِذْ نَفَشَتْ فِيهِ غَنَمُ الْقَوْمِ وَكُنَّا لِحُكْمِهِمْ شَاهِدِينَ

    Давудана а‚ Сулейманна а‚ шаьшшиммо хьукам дечу хенахь /ялтин/ аренах лаьцна‚ ша нехан уьстагӀаша хьаьшна хилла йолчу. Тхо хилира церан хьукаман тешаш

    21:78
  2. فَفَهَّمْنَاهَا سُلَيْمَانَ ۚ وَكُلًّا آتَيْنَا حُكْمًا وَعِلْمًا ۚ وَسَخَّرْنَا مَعَ دَاوُودَ الْجِبَالَ يُسَبِّحْنَ وَالطَّيْرَ ۚ وَكُنَّا فَاعِلِينَ

    Оха цунах (хьукамах) кхетийтира Сулейман а. /Цу шиннах/ хранна а Оха делира хьукам а‚ Ӏилма а. Оха муьтӀахь дира Давудана лаьмнаш – цара тасбахь а деш, олхазарш а /дира Оха цунна муьтхь/‚ тхо хилира /гӀуллакх/ дийраш

    21:79
  3. وَعَلَّمْنَاهُ صَنْعَةَ لَبُوسٍ لَكُمْ لِتُحْصِنَكُمْ مِنْ بَأْسِكُمْ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ شَاكِرُونَ

    Оха цунна Ӏамийра шуна бедарш яр‚ цара шу Ӏалашдархьама шун /мостагйн/ ницкъах. Аш баркалла ца олу?

    21:80
  4. وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ عَاصِفَةً تَجْرِي بِأَمْرِهِ إِلَى الْأَرْضِ الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا ۚ وَكُنَّا بِكُلِّ شَيْءٍ عَالِمِينَ

    Сулейманна а /муьтӀахь бира Оха/ нуьцкъала мох - дӀасалелаш Тхан омраца Оха ша беркате дина хиллачу лаьттахула. Тхо хилла массо а хӀума хууш дерш

    21:81
  5. وَمِنَ الشَّيَاطِينِ مَنْ يَغُوصُونَ لَهُ وَيَعْمَلُونَ عَمَلًا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَكُنَّا لَهُمْ حَافِظِينَ

    ШайтӀанех а хилла цунна /хӀорда/ чу лелхаш‚ и доцург а‚ кхин белхаш а беш‚ Тхо хилира уьш Ӏалашдийраш

    21:82

Гочдар: Магомед Магомедов