Сурат 21 Аль-анбийаъ (Пайхамарш), аят 94 – 112

  1. فَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا كُفْرَانَ لِسَعْيِهِ وَإِنَّا لَهُ كَاتِبُونَ

    Диканаш деш верг‚ ша муъмин волуш – хир яц цуьнан къахьегарна инкарло‚ баккъалла а, Тхо цунна яздеш ду

    21:94
  2. وَحَرَامٌ عَلَىٰ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا أَنَّهُمْ لَا يَرْجِعُونَ

    Хьарам ду Оха ша хӀаллакйинчу юьрта (-н дай) юхаберза

    21:95
  3. حَتَّىٰ إِذَا فُتِحَتْ يَأْجُوجُ وَمَأْجُوجُ وَهُمْ مِنْ كُلِّ حَدَبٍ يَنْسِلُونَ

    Яъжуж а‚ Маъжуж а гучубовллалц. Уьш массо а агрхьара, лакхарчу меттигашкара охьахецалур бу

    21:96
  4. وَاقْتَرَبَ الْوَعْدُ الْحَقُّ فَإِذَا هِيَ شَاخِصَةٌ أَبْصَارُ الَّذِينَ كَفَرُوا يَا وَيْلَنَا قَدْ كُنَّا فِي غَفْلَةٍ مِنْ هَٰذَا بَلْ كُنَّا ظَالِمِينَ

    Гергаеана бакъйолу ваӀда‚ ца тешаш хиллачеран бӀаьргаш тӀебаьлла: 'Ма бāла бу-кх вайна‚ вай дар-кх хӀара тергал ца деш‚ вай хилла-кх зулам динарш'/эр ду цара/

    21:97
  5. إِنَّكُمْ وَمَا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ حَصَبُ جَهَنَّمَ أَنْتُمْ لَهَا وَارِدُونَ

    Баккъалла а, шу а‚ Дела а витина‚ аш шайна Ӏибадат деш берш а‚ жоьжахатин ягориг ю‚ шу цу чу гӀур долуш а ду

    21:98
  6. لَوْ كَانَ هَٰؤُلَاءِ آلِهَةً مَا وَرَدُوهَا ۖ وَكُلٌّ فِيهَا خَالِدُونَ

    Уьш делий хиллехьара, – цу чу гӀур бацара. Массо а цу чохь гуттар лаьттар ву

    21:99
  7. لَهُمْ فِيهَا زَفِيرٌ وَهُمْ فِيهَا لَا يَسْمَعُونَ

    Царна цу чохь хала са ийзар а ду‚ царна цу чохь хезар а дац

    21:100
  8. إِنَّ الَّذِينَ سَبَقَتْ لَهُمْ مِنَّا الْحُسْنَىٰ أُولَٰئِكَ عَنْهَا مُبْعَدُونَ

    Баккъалла а, шайна Тхоьгара диканиг хьалхадаьлларш – уьш цунна (жоьжахатина) генахь хир бу

    21:101
  9. لَا يَسْمَعُونَ حَسِيسَهَا ۖ وَهُمْ فِي مَا اشْتَهَتْ أَنْفُسُهُمْ خَالِدُونَ

    Царна хезар дац цуьнан (жоьжахатин) шах-ших а‚ уьш шайн синошна дезначохь гуттар лаьттар бу

    21:102
  10. لَا يَحْزُنُهُمُ الْفَزَعُ الْأَكْبَرُ وَتَتَلَقَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ هَٰذَا يَوْمُكُمُ الَّذِي كُنْتُمْ تُوعَدُونَ

    Уьш сингаттаме бийр бац бокхачу кхерамо‚ царна дуьхьалкхетар ду маликаш /олуш/: 'ХӀара ду шун де‚ шуна хир ду аьлларг'

    21:103
  11. يَوْمَ نَطْوِي السَّمَاءَ كَطَيِّ السِّجِلِّ لِلْكُتُبِ ۚ كَمَا بَدَأْنَا أَوَّلَ خَلْقٍ نُعِيدُهُ ۚ وَعْدًا عَلَيْنَا ۚ إِنَّا كُنَّا فَاعِلِينَ

    Оцу дийнахь Оха тӀегулйийр ю стигал‚ жайнан кехаташ тӀегулдаре терра. Оха дуьххьара кхоллар долоре терра‚ карладоккху Тхуна тӀехь хилла йолчу ваӀдица. Баккъалла а, Тхо хилла /гӀуллакх/ деш дерш

    21:104
  12. وَلَقَدْ كَتَبْنَا فِي الزَّبُورِ مِنْ بَعْدِ الذِّكْرِ أَنَّ الْأَرْضَ يَرِثُهَا عِبَادِيَ الصَّالِحُونَ

    Оха яздинера Забура чохь хьехамал тӀаьхьа: 'Лаьттах ирс оьцур ду Сан дикачу леша'

    21:105
  13. إِنَّ فِي هَٰذَا لَبَلَاغًا لِقَوْمٍ عَابِدِينَ

    Баккъалла а, хӀокху чохь кхоччуш кхетам бу Ӏибадат дечу нахана

    21:106
  14. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا رَحْمَةً لِلْعَالَمِينَ

    Оха ца вахийтина хьо /хӀай Мухьаммад/ массо а Ӏаламна къинхетам хилла а бен

    21:107
  15. قُلْ إِنَّمَا يُوحَىٰ إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    Ахь āла: 'Суна ваьхьица хаийтина шун Дела цхьаъ вуйла. Шу муьтӀахь хуьлий?'

    21:108
  16. فَإِنْ تَوَلَّوْا فَقُلْ آذَنْتُكُمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۖ وَإِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ أَمْ بَعِيدٌ مَا تُوعَدُونَ

    Уьш дӀаберзахь‚ ахь āла: 'Ас дӀакхайкхийна шуьга цхьатерра‚ суна ца хаьа, герга ду‚ я гена ду шуна ваӀда йинарг

    21:109
  17. إِنَّهُ يَعْلَمُ الْجَهْرَ مِنَ الْقَوْلِ وَيَعْلَمُ مَا تَكْتُمُونَ

    Баккъалла а, Цунна (Далла) хаьа дашах хезаш дерг а‚ Цунна хаьа аш къайладоккхуш дерг а

    21:110
  18. وَإِنْ أَدْرِي لَعَلَّهُ فِتْنَةٌ لَكُمْ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Суна ца хаьа и /шуна таӀзар ца деш тӀаьхьататтар/ хила тарло шуна питана /зер/ а‚ цхьа хан яллалц бахам а'

    21:111
  19. قَالَ رَبِّ احْكُمْ بِالْحَقِّ ۗ وَرَبُّنَا الرَّحْمَٰنُ الْمُسْتَعَانُ عَلَىٰ مَا تَصِفُونَ

    Элира /Мухьаммад пайхамаро/: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь де-кх бакъонца хьукам /суна а, хра дин харцдечарна а юккъехь/. Тхан Кхиош-кхобург ву сов къинхетаме верга‚ аш сибат дечунна тӀехь Шегара гӀо эца дезаш верг а '

    21:112

Гочдар: Магомед Магомедов