Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 1 – 10

  1. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمْ ۚ إِنَّ زَلْزَلَةَ السَّاعَةِ شَيْءٌ عَظِيمٌ

    ХӀай нах! Кхера шайн Кхиош-кхобучух. Баккъалла а, сахьт дēгар доккха-деза хӀума ду

    22:1
  2. يَوْمَ تَرَوْنَهَا تَذْهَلُ كُلُّ مُرْضِعَةٍ عَمَّا أَرْضَعَتْ وَتَضَعُ كُلُّ ذَاتِ حَمْلٍ حَمْلَهَا وَتَرَى النَّاسَ سُكَارَىٰ وَمَا هُمْ بِسُكَارَىٰ وَلَٰكِنَّ عَذَابَ اللَّهِ شَدِيدٌ

    Оцу дийнахь‚ шуна шайна гуш‚ массо а /бер/ дакхош ерг йицлур ю ша дакхийначух‚ охьабуьллур бу шен /кийрахь/ мохь болчо шен мохь /хеназа/‚ хьуна гур бу нах бехна – бехна бац уьш‚ делахь а, Делан Ӏазап чӀогӀа ду

    22:2
  3. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَيَتَّبِعُ كُلَّ شَيْطَانٍ مَرِيدٍ

    Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг /цхьа а/ Ӏилма доцуш‚ ша тӀаьхьахӀуттуш верг хр аьрхадаьллачу шайтӀанна

    22:3
  4. كُتِبَ عَلَيْهِ أَنَّهُ مَنْ تَوَلَّاهُ فَأَنَّهُ يُضِلُّهُ وَيَهْدِيهِ إِلَىٰ عَذَابِ السَّعِيرِ

    Цунна (шайтӀанна) язделла шеца доттагӀалла лелийнарг ша тилор а ву‚ цӀеран Ӏазапе дӀанисвийр а ву‚ аьлла

    22:4
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنْ كُنْتُمْ فِي رَيْبٍ مِنَ الْبَعْثِ فَإِنَّا خَلَقْنَاكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍ ثُمَّ مِنْ مُضْغَةٍ مُخَلَّقَةٍ وَغَيْرِ مُخَلَّقَةٍ لِنُبَيِّنَ لَكُمْ ۚ وَنُقِرُّ فِي الْأَرْحَامِ مَا نَشَاءُ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ثُمَّ نُخْرِجُكُمْ طِفْلًا ثُمَّ لِتَبْلُغُوا أَشُدَّكُمْ ۖ وَمِنْكُمْ مَنْ يُتَوَفَّىٰ وَمِنْكُمْ مَنْ يُرَدُّ إِلَىٰ أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْلَا يَعْلَمَ مِنْ بَعْدِ عِلْمٍ شَيْئًا ۚ وَتَرَى الْأَرْضَ هَامِدَةً فَإِذَا أَنْزَلْنَا عَلَيْهَا الْمَاءَ اهْتَزَّتْ وَرَبَتْ وَأَنْبَتَتْ مِنْ كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ

    ХӀай нах! Шу хиллехь юха дендина /гӀовторах/ шекона чохь – Оха шу кхоьллина поппарах‚ тӀаккха тӀадамах‚ тӀаккха цӀийнан улхах‚ тӀаккха жижиган кийсаках‚ кеп йолуш долчух а‚ кеп йоцуш долчух а шуна билгалдаккхархьама /Тхо ницкъ болуш дуйла/. Оха дӀанисдо /шу/ беран цӀийна чохь Тхайна ма луъу цӀе тоьхна хан тӀеккхаччалц‚ тӀаккха Оха арадоху шу бер хуьлий‚ тӀаккха шу тӀекхиархьама шайн ницкъина. Шух леш верг а ву‚ шух /къанваларца/ уггар сийсазчу дахарна тӀеверзош верг а ву‚ шена /дуккха а хманаш / хууш хиллачул тӀаьхьа хӀумма а ца хаийтархьама. Хьуна го латта дакъаделла. Оха шена тӀе хи доссийча, и деттало‚ деста‚ /цуьнца/ кхуьу массо а хаза шишша тайпа /яраш/

    22:5
  6. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّهُ يُحْيِي الْمَوْتَىٰ وَأَنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Иза ду – Дела хиларна бакъдерг‚ Цо денбийриг хиларна белларш‚ Иза хиларна массо а хӀуманна тӀехь ницкъберг

    22:6
  7. وَأَنَّ السَّاعَةَ آتِيَةٌ لَا رَيْبَ فِيهَا وَأَنَّ اللَّهَ يَبْعَثُ مَنْ فِي الْقُبُورِ

    /Иза ду/ – сахьт догӀург хиларна‚ цу чохь шеко яц‚ Дела хиларна денбина гӀовтор болуш кешний чохь берш

    22:7
  8. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يُجَادِلُ فِي اللَّهِ بِغَيْرِ عِلْمٍ وَلَا هُدًى وَلَا كِتَابٍ مُنِيرٍ

    Нахах ву ша Делехь къуьйсуш верг‚ шегахь Ӏилма а доцуш‚ нийса некъ а боцуш‚ нуьре долу жайна а доцуш

    22:8
  9. ثَانِيَ عِطْفِهِ لِيُضِلَّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۖ لَهُ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ ۖ وَنُذِيقُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَذَابَ الْحَرِيقِ

    /Куралла ярца/ шен лаг дӀагӀертош Делан новкъах /нах/ тилабархьама. Цунна дуьненахь а сийсазалла ю‚ Оха Ӏовшуьйтур ду цуьнга къематдийнахь цӀеран Ӏазап

    22:9
  10. ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ يَدَاكَ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    /Цуьнга эр ду/: 'И ду хьан шина куьйго хьалхадаьккхинарг бахьанехь‚ Дела цахиларна а зуламаш дийриг лешна'

    22:10

Гочдар: Магомед Магомедов