Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 11 – 22

  1. وَمِنَ النَّاسِ مَنْ يَعْبُدُ اللَّهَ عَلَىٰ حَرْفٍ ۖ فَإِنْ أَصَابَهُ خَيْرٌ اطْمَأَنَّ بِهِ ۖ وَإِنْ أَصَابَتْهُ فِتْنَةٌ انْقَلَبَ عَلَىٰ وَجْهِهِ خَسِرَ الدُّنْيَا وَالْآخِرَةَ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْخُسْرَانُ الْمُبِينُ

    Нахах ву ша Далла Ӏибадат деш верг уьраллин юьхьига тӀехь волчух тера: шех кхиъча диканиг, цуьнца паргӀатволу иза‚ шех питана (бāла) кхиъча, шен юьхь тӀе дӀавоьрзу и /цатешарна тӀе/ – дуьне а‚ эхарт а дайина цо. Иза билггала эшам бу-кх!

    22:11
  2. يَدْعُو مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَضُرُّهُ وَمَا لَا يَنْفَعُهُ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الضَّلَالُ الْبَعِيدُ

    Цо кхойкху Дела воцучуьнга‚ шена зен ца дечуьнга‚ шена пайда ца бечуьнга. Иза ду-кх генара тилар!

    22:12
  3. يَدْعُو لَمَنْ ضَرُّهُ أَقْرَبُ مِنْ نَفْعِهِ ۚ لَبِئْسَ الْمَوْلَىٰ وَلَبِئْسَ الْعَشِيرُ

    Цо кхойкху шена /хуьлучу/ пайданал шена зен герга долчуьнга– ма вон эла ву-кх‚ ма вон накъост ву-кх /цо лаьцнарг‚ Дела а витина/!

    22:13
  4. إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يُرِيدُ

    Баккъалла а, Дала чубохуьйтур бу ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу. Баккъалла а, Дала до Шена луург

    22:14
  5. مَنْ كَانَ يَظُنُّ أَنْ لَنْ يَنْصُرَهُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ فَلْيَمْدُدْ بِسَبَبٍ إِلَى السَّمَاءِ ثُمَّ لْيَقْطَعْ فَلْيَنْظُرْ هَلْ يُذْهِبَنَّ كَيْدُهُ مَا يَغِيظُ

    /Шен элчанна/ Дала дуьненахь а‚ эхартахь а гӀо дийр дац моьттуш хилларг – цо муш дӀатосийла тхов тӀе ирхкхазвала, тӀаккха хададойла /шен лаг/‚ тӀаккха хьожийла шена‚ дӀадехьний-те цуьнан мекарлос и оьгӀазвохуьйтург

    22:15
  6. وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَاهُ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ وَأَنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَنْ يُرِيدُ

    Иштта доссийра Оха и /Къуръан/ билгала аяташ хилла‚ Дела хиларна а нисвеш Шена луург /нийсачу новкъа/

    22:16
  7. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالصَّابِئِينَ وَالنَّصَارَىٰ وَالْمَجُوسَ وَالَّذِينَ أَشْرَكُوا إِنَّ اللَّهَ يَفْصِلُ بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ жуьгтийн динехь берш а‚ сабиинаш а‚ насараш а‚ цӀеран гӀуллакх деш берш а‚ /Делаца/ накъост лаьцнарш а... Баккъалла а, Дала къастор ду царна юккъехь къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хӀуманна тӀехь теш ву

    22:17
  8. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يَسْجُدُ لَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ وَالشَّمْسُ وَالْقَمَرُ وَالنُّجُومُ وَالْجِبَالُ وَالشَّجَرُ وَالدَّوَابُّ وَكَثِيرٌ مِنَ النَّاسِ ۖ وَكَثِيرٌ حَقَّ عَلَيْهِ الْعَذَابُ ۗ وَمَنْ يُهِنِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ مُكْرِمٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَفْعَلُ مَا يَشَاءُ ۩

    Хьуна ца го Далла сужуд ма дой стигланашкахь волчо а‚ лаьттахь волчо а‚ малхо а‚ батто а‚ седарчаша а‚ лаьмнаша а‚ дитташа а‚ дийнаташа а‚ нахах дукхаболчара а? Дукхаболчарна Ӏазап хьакъ хилла. Дала сийсазвинарг‚ милла велахь а‚ – ма вац цунна сий айдан цхьа а. Баккъалла а, Дала до Шена луург

    22:18
  9. هَٰذَانِ خَصْمَانِ اخْتَصَمُوا فِي رَبِّهِمْ ۖ فَالَّذِينَ كَفَرُوا قُطِّعَتْ لَهُمْ ثِيَابٌ مِنْ نَارٍ يُصَبُّ مِنْ فَوْقِ رُءُوسِهِمُ الْحَمِيمُ

    ХӀокху шина мостагӀчо шайн Кхиош-кхобучуьнгахь къийсира. Цатешнарш – царна бедарш хадор ю цӀарах‚ церан кортошна тӀе дуттур ду цйдина хи

    22:19
  10. يُصْهَرُ بِهِ مَا فِي بُطُونِهِمْ وَالْجُلُودُ

    Дāгор ду цуьнца церан гайш чохь дерг а‚ чкъор а

    22:20
  11. وَلَهُمْ مَقَامِعُ مِنْ حَدِيدٍ

    Царна аьчкан чхьонкарш ю

    22:21
  12. كُلَّمَا أَرَادُوا أَنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا مِنْ غَمٍّ أُعِيدُوا فِيهَا وَذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ

    Царна цу чуьра бāлахьēгарх арабовла мел лии‚ цу чу юхаберзор бу уьш /эр ду/: 'Ӏовша шайна цӀеран Ӏазап!'

    22:22

Гочдар: Магомед Магомедов