Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 23 – 25
-
إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا ۖ وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ
Баккъалла а, Дала чубухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалаш йинарш а /ялсаманин/ бошмашна‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолчу‚ хазбина хир бу уьш цу чохь дашочу чӀагаршца а‚ жовхӀаршца а‚ церан духар цу чохь хир ду дари
22:23 -
وَهُدُوا إِلَى الطَّيِّبِ مِنَ الْقَوْلِ وَهُدُوا إِلَىٰ صِرَاطِ الْحَمِيدِ
Уьш нисбина /дуьненахь/ дашах хазачуьнга /Къуръанах/‚ уьш нисбина хастамечу новкъа
22:24 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ الَّذِي جَعَلْنَاهُ لِلنَّاسِ سَوَاءً الْعَاكِفُ فِيهِ وَالْبَادِ ۚ وَمَنْ يُرِدْ فِيهِ بِإِلْحَادٍ بِظُلْمٍ نُذِقْهُ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
Баккъалла а, цатешнарш а‚ шаьш /нах/ дӀатоттуш берш а Делан некъах а‚ Дезачу маьждигах а‚ Оха ша нахана цхьанисса /сийлахь/ хилийтина долчу шена чохь волчунна а‚ арара /зиярате/ веъначунна‚ цу чохь зуламца бакъдолчух дхьавзар /Делах цатешар/ дезаш верг а – Оха Ӏовшуьйтур ду цаьрга лазош долу Ӏазапах
22:25
Гочдар: Магомед Магомедов