Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 26 – 33

  1. وَإِذْ بَوَّأْنَا لِإِبْرَاهِيمَ مَكَانَ الْبَيْتِ أَنْ لَا تُشْرِكْ بِي شَيْئًا وَطَهِّرْ بَيْتِيَ لِلطَّائِفِينَ وَالْقَائِمِينَ وَالرُّكَّعِ السُّجُودِ

    Хьахаде: Оха билгалъяьккхира ИбрахӀимна /Хьаьж/цӀийнан меттиг, олуш: 'Ма лаца Соьца накъост цхьана а хӀуманца‚ цӀанде Сан цӀа го боккхучарна а /тваф деш/‚ хӀоьттина лаьттачарна а‚ рукӀе баханчарна а‚ суждане баханчарна а

    22:26
  2. وَأَذِّنْ فِي النَّاسِ بِالْحَجِّ يَأْتُوكَ رِجَالًا وَعَلَىٰ كُلِّ ضَامِرٍ يَأْتِينَ مِنْ كُلِّ فَجٍّ عَمِيقٍ

    Кхайкха нахалахь хьаьжалла: уьш (муъмин нах) богӀур бу хьуна гӀаш а‚ хр эзачунна тӀехь а‚ шаьш йогӀуш хилла йолчу хр туьпара боьрара

    22:27
  3. لِيَشْهَدُوا مَنَافِعَ لَهُمْ وَيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ فِي أَيَّامٍ مَعْلُومَاتٍ عَلَىٰ مَا رَزَقَهُمْ مِنْ بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ ۖ فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْبَائِسَ الْفَقِيرَ

    Тешалла дан шайна пайданашна‚ Делан цӀе хьехаян а цхьана билгалчу деношкахь‚ Цо шайна рицкъина деллачу бежанна тӀехь. Даа цунах‚ дааде бāлахоьгучунна а, пекъарна а

    22:28
  4. ثُمَّ لْيَقْضُوا تَفَثَهُمْ وَلْيُوفُوا نُذُورَهُمْ وَلْيَطَّوَّفُوا بِالْبَيْتِ الْعَتِيقِ

    ТӀаккха дӀайохийла цара /Хьаьж дехкарца/ шайн боьхаллаш (гӀурбан бежна динчул тӀаьхьа корта баша я ларга, маӀарш теда…)‚ кхочушдойла шайн нузарш‚ гобоккхийла Ширчу ЦӀийнна'

    22:29
  5. ذَٰلِكَ وَمَنْ يُعَظِّمْ حُرُمَاتِ اللَّهِ فَهُوَ خَيْرٌ لَهُ عِنْدَ رَبِّهِ ۗ وَأُحِلَّتْ لَكُمُ الْأَنْعَامُ إِلَّا مَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ ۖ فَاجْتَنِبُوا الرِّجْسَ مِنَ الْأَوْثَانِ وَاجْتَنِبُوا قَوْلَ الزُّورِ

    /ГӀуллакх иштта ду/. Делан хьурматаш даздеш верг – и цунна шена дика ду шен Кхиош-кхобучунна гергахь. Хьанал дина шуна бежанаш /даа/‚ шуна тӀехь доьшуш доцурш. Генадовла цӀуйн (жарийн) рижсах‚ генадовла харц дашах

    22:30
  6. حُنَفَاءَ لِلَّهِ غَيْرَ مُشْرِكِينَ بِهِ ۚ وَمَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَكَأَنَّمَا خَرَّ مِنَ السَّمَاءِ فَتَخْطَفُهُ الطَّيْرُ أَوْ تَهْوِي بِهِ الرِّيحُ فِي مَكَانٍ سَحِيقٍ

    Далла тӀедирзинарш а хилла‚ Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург... и тера ву стиглара воьжначух‚ тӀаккха олхазарш схьалоцуш‚ я мехо генарчу меттиге дӀавуьгуш волчух

    22:31
  7. ذَٰلِكَ وَمَنْ يُعَظِّمْ شَعَائِرَ اللَّهِ فَإِنَّهَا مِنْ تَقْوَى الْقُلُوبِ

    /ГӀуллакх иштта ду/. Делан Ӏедалаш даздеш верг‚ – баккъалла а, иза дегнаш /Делах/ кхерарх ду

    22:32
  8. لَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ثُمَّ مَحِلُّهَا إِلَى الْبَيْتِ الْعَتِيقِ

    Шуна цу чохь пайданаш бу цӀетоьхна хан тӀекхаччалц‚ тӀаккха церан /урс хьакха хьанал йолу/ меттиг Ширчу ЦӀийнан гергахь ю

    22:33

Гочдар: Магомед Магомедов