Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 34 – 35

  1. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنْسَكًا لِيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَىٰ مَا رَزَقَهُمْ مِنْ بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ ۗ فَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ فَلَهُ أَسْلِمُوا ۗ وَبَشِّرِ الْمُخْبِتِينَ

    ХӀор умматана а Ӏибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цӀе яккхийта Цо Шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна тӀехь. Шун Дела цхьа Аллах- Дела ву‚ Цунна муьтӀахь хила: ахь кхаъ баккха муьтӀахь болчарна

    22:34
  2. الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَالصَّابِرِينَ عَلَىٰ مَا أَصَابَهُمْ وَالْمُقِيمِي الصَّلَاةِ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шайна тӀедеъначу вочунна собар деш берш‚ ламаз хӀоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Дела реза волчу новкъа/ харжаш еш берш

    22:35

Гочдар: Магомед Магомедов