Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 34 – 38

  1. وَلِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنْسَكًا لِيَذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَىٰ مَا رَزَقَهُمْ مِنْ بَهِيمَةِ الْأَنْعَامِ ۗ فَإِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ فَلَهُ أَسْلِمُوا ۗ وَبَشِّرِ الْمُخْبِتِينَ

    ХӀор умматана а Ӏибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан цӀе яккхийта Цо Шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна тӀехь. Шун Дела цхьа Аллах- Дела ву‚ Цунна муьтӀахь хила: ахь кхаъ баккха муьтӀахь болчарна

    22:34
  2. الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَالصَّابِرِينَ عَلَىٰ مَا أَصَابَهُمْ وَالْمُقِيمِي الصَّلَاةِ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьруш берш‚ шайна тӀедеъначу вочунна собар деш берш‚ ламаз хӀоттадеш берш‚ Оха шайна деллачу рицкъех /Дела реза волчу новкъа/ харжаш еш берш

    22:35
  3. وَالْبُدْنَ جَعَلْنَاهَا لَكُمْ مِنْ شَعَائِرِ اللَّهِ لَكُمْ فِيهَا خَيْرٌ ۖ فَاذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا صَوَافَّ ۖ فَإِذَا وَجَبَتْ جُنُوبُهَا فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْقَانِعَ وَالْمُعْتَرَّ ۚ كَذَٰلِكَ سَخَّرْنَاهَا لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    И ерстана эмкал хилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхучу билгалонех‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьехае царна тӀехь‚ цхьана могӀара хӀоьттинчу хьолехь‚ Делан цӀе. Уьш шайн агӀонашна тӀедегча‚ даа царах‚ дааде доьхучунна а‚ ца доьхучунна а. Иштта Оха муьтӀахь дина уьш (бежанаш) шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш

    22:36
  4. لَنْ يَنَالَ اللَّهَ لُحُومُهَا وَلَا دِمَاؤُهَا وَلَٰكِنْ يَنَالُهُ التَّقْوَىٰ مِنْكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ سَخَّرَهَا لَكُمْ لِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ ۗ وَبَشِّرِ الْمُحْسِنِينَ

    Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цӀий а‚ делахь а, Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш (бежанаш) муьтӀахь дина шуна аш Дела вазвархьама Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдарна. Ахь кхаъ баккха дикадечарна

    22:37
  5. إِنَّ اللَّهَ يُدَافِعُ عَنِ الَّذِينَ آمَنُوا ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ كُلَّ خَوَّانٍ كَفُورٍ

    Баккъалла а, Дала ларбо ийман диллинарш. Баккъалла а, Далла ца веза массо а тешнабехк беш верг, /Делан ниатна/ ша тх инкарло еш волу

    22:38

Гочдар: Магомед Магомедов