Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 36 – 37
-
وَالْبُدْنَ جَعَلْنَاهَا لَكُمْ مِنْ شَعَائِرِ اللَّهِ لَكُمْ فِيهَا خَيْرٌ ۖ فَاذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا صَوَافَّ ۖ فَإِذَا وَجَبَتْ جُنُوبُهَا فَكُلُوا مِنْهَا وَأَطْعِمُوا الْقَانِعَ وَالْمُعْتَرَّ ۚ كَذَٰلِكَ سَخَّرْنَاهَا لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
И ерстана эмкал хилийтина Оха шуна Делан дин гучудоккхучу билгалонех‚ шуна цу чохь диканиг ду. Хьехае царна тIехь‚ цхьана могIара хIоьттинчу хьолехь‚ Делан цIе. Уьш шайн агIонашна тIедегча‚ даа царах‚ дааде доьхучунна а‚ ца доьхучунна а. Иштта Оха муьтIахь дина уьш (бежанаш) шуна‚ – шу хир дацара-те баркалла олуш
22:36 -
لَنْ يَنَالَ اللَّهَ لُحُومُهَا وَلَا دِمَاؤُهَا وَلَٰكِنْ يَنَالُهُ التَّقْوَىٰ مِنْكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ سَخَّرَهَا لَكُمْ لِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ ۗ وَبَشِّرِ الْمُحْسِنِينَ
Далла ца кхочу церан жижиг а‚ церан цIий а‚ делахь а, Цуьнга кхочу шуьгара /Делах/ кхерар. Иштта Цо уьш (бежанаш) муьтIахь дина шуна аш Дела вазвархьама Цо шу /нийсачу новкъа/ нисдарна. Ахь кхаъ баккха дикадечарна
22:37
Гочдар: Магомед Магомедов