Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 39 – 40

  1. أُذِنَ لِلَّذِينَ يُقَاتَلُونَ بِأَنَّهُمْ ظُلِمُوا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ نَصْرِهِمْ لَقَدِيرٌ

    Магийна шайца тӀом беш болчарна /тӀом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна (цу бусалбанашна) гӀодарна тӀехь ницкъ болуш ву‚

    22:39
  2. الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ بِغَيْرِ حَقٍّ إِلَّا أَنْ يَقُولُوا رَبُّنَا اللَّهُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَهُدِّمَتْ صَوَامِعُ وَبِيَعٌ وَصَلَوَاتٌ وَمَسَاجِدُ يُذْكَرُ فِيهَا اسْمُ اللَّهِ كَثِيرًا ۗ وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ

    Шайн цӀеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: 'Тхан Кхиош-кхобург АллахДела ву'. Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара, йохийна хир яра /насарийн мозгрийн/ Ӏибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цӀе хьехош йолу. Данне а гӀо дийр ма ду Дала Шена /гӀуллакхна/ гӀо деш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ берг ма ву, веза верг а ма ву

    22:40

Гочдар: Магомед Магомедов