Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 39 – 48

  1. أُذِنَ لِلَّذِينَ يُقَاتَلُونَ بِأَنَّهُمْ ظُلِمُوا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ نَصْرِهِمْ لَقَدِيرٌ

    Магийна шайца тӀом беш болчарна /тӀом бан/‚ царна зулам дина хиларна. Баккъалла а, Дела царна (цу бусалбанашна) гӀодарна тӀехь ницкъ болуш ву‚

    22:39
  2. الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ بِغَيْرِ حَقٍّ إِلَّا أَنْ يَقُولُوا رَبُّنَا اللَّهُ ۗ وَلَوْلَا دَفْعُ اللَّهِ النَّاسَ بَعْضَهُمْ بِبَعْضٍ لَهُدِّمَتْ صَوَامِعُ وَبِيَعٌ وَصَلَوَاتٌ وَمَسَاجِدُ يُذْكَرُ فِيهَا اسْمُ اللَّهِ كَثِيرًا ۗ وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ

    Шайн цӀеношкара арабаьхна болчу‚ цхьа а бакъо йоцуш‚ деккъа цара аларна: 'Тхан Кхиош-кхобург АллахДела ву'. Дала нах вовшашца ларбеш ца хиллехьара, йохийна хир яра /насарийн мозгрийн/ Ӏибадат ден меттигаш а‚ килсаш а‚ /жуьгтийн/ ламазан меттигаш а‚ маьждигаш а‚ шайна чохь дуккха Делан цӀе хьехош йолу. Данне а гӀо дийр ма ду Дала Шена /гӀуллакхна/ гӀо деш волчунна. Баккъалла а, Дела ницкъ берг ма ву, веза верг а ма ву

    22:40
  3. الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنْكَرِ ۗ وَلِلَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُورِ

    Уьш бу Оха шаьш лаьттахь чӀагӀбича‚ ламаз хӀоттош берш‚ закат луш берш‚ диканиг де‚ аьлла‚ омра деш берш‚ вочух /нах/ духатухуш берш. Делан ю гӀуллакхийн чакхе

    22:41
  4. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَثَمُودُ

    Хьо цара харцвахь, – харцбина царал хьалха Нухьан а‚ Ӏадийн а‚ Самудийн а къаьмнаша‚

    22:42
  5. وَقَوْمُ إِبْرَاهِيمَ وَقَوْمُ لُوطٍ

    ИбрахӀиман къомо а‚ ЛутӀин къомо а,

    22:43
  6. وَأَصْحَابُ مَدْيَنَ ۖ وَكُذِّبَ مُوسَىٰ فَأَمْلَيْتُ لِلْكَافِرِينَ ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

    Мадъян дайша а. Харцвира Муса а. Ас ханна тӀаьхьатеттира ца тешаш берш. ТӀаккха Ас схьалецира уьш. Муха хилира Сан цаларар /уьш шайна Ӏазап дарца/!

    22:44
  7. فَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا وَهِيَ ظَالِمَةٌ فَهِيَ خَاوِيَةٌ عَلَىٰ عُرُوشِهَا وَبِئْرٍ مُعَطَّلَةٍ وَقَصْرٍ مَشِيدٍ

    Маса юрт хӀаллакйина Оха‚ шаьш зуламе хилла йолу! Уьш шайн буха тӀехь яьсса ю. Маса шовда даьсса дисина! Маса йоьгӀна гӀала /яьсса йисина/!

    22:45
  8. أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَتَكُونَ لَهُمْ قُلُوبٌ يَعْقِلُونَ بِهَا أَوْ آذَانٌ يَسْمَعُونَ بِهَا ۖ فَإِنَّهَا لَا تَعْمَى الْأَبْصَارُ وَلَٰكِنْ تَعْمَى الْقُلُوبُ الَّتِي فِي الصُّدُورِ

    Лаьттахула ца лела уьш? – хир дара царна дегнаш‚ шайца цара ойла еш‚ я лергаш‚ шайца цара ладугӀуш. БӀаьрса дац бӀаьрзе – кийрахь долу дегнаш ду бӀаьрзе!

    22:46
  9. وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ وَلَنْ يُخْلِفَ اللَّهُ وَعْدَهُ ۚ وَإِنَّ يَوْمًا عِنْدَ رَبِّكَ كَأَلْفِ سَنَةٍ مِمَّا تَعُدُّونَ

    Хьо сихво цара Ӏазапаца. Дала йохор яц Шен ваӀда. Цхьа де хьан Кхиош-кхобучун гергахь эзар шо санна ду аш дагардечух

    22:47
  10. وَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ أَمْلَيْتُ لَهَا وَهِيَ ظَالِمَةٌ ثُمَّ أَخَذْتُهَا وَإِلَيَّ الْمَصِيرُ

    Маса юрт /ханна/ тӀаьхьатеттира /Ӏазап ца деш/ Ас‚ уьш зуламе а йолуш? ТӀаккха схьалецира уьш Ас‚ Суна т ду тӀекхачар

    22:48

Гочдар: Магомед Магомедов