Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 49 – 57
-
قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّمَا أَنَا لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ
Ахь āла: 'ХӀай нах! Баккъалла а, со шуна билгала кхерамча ву-кх'
22:49 -
فَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамал йинарш а – царна гечдар а‚ сийлахь рицкъ а ду
22:50 -
وَالَّذِينَ سَعَوْا فِي آيَاتِنَا مُعَاجِزِينَ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
Тхан аяташна дуьхьал, уьш дохо грташ къахьегнарш – уьш жоьжахатин дай бу
22:51 -
وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ مِنْ رَسُولٍ وَلَا نَبِيٍّ إِلَّا إِذَا تَمَنَّىٰ أَلْقَى الشَّيْطَانُ فِي أُمْنِيَّتِهِ فَيَنْسَخُ اللَّهُ مَا يُلْقِي الشَّيْطَانُ ثُمَّ يُحْكِمُ اللَّهُ آيَاتِهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Оха ца вахийтина хьол хьалха цхьа а элча а‚ цхьа а пайхамар а цо сатуьйсучу хенахь цуьнан сатийсамийн чу шайтӀа ца оьккхуш‚ тӀаккха Дала дӀадоккхуш бен шайтӀано кхоьссинарг. ТӀаьхьа Дала хьукам дойтур ду Шен аяташка. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
22:52 -
لِيَجْعَلَ مَا يُلْقِي الشَّيْطَانُ فِتْنَةً لِلَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْقَاسِيَةِ قُلُوبُهُمْ ۗ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ لَفِي شِقَاقٍ بَعِيدٍ
/И ду/ шайтӀано кхоьссинчух питана хилархьама шайн дегнашкахь цамгар йолчарна‚ шайн дегнаш къиза долчарна. Баккъалла а, зуламхой генарчу мостагӀаллина чохь ма бу
22:53 -
وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ أَنَّهُ الْحَقُّ مِنْ رَبِّكَ فَيُؤْمِنُوا بِهِ فَتُخْبِتَ لَهُ قُلُوبُهُمْ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَهَادِ الَّذِينَ آمَنُوا إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ӏилма деллачаьрга хаийтархьама‚ иза хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг хилар‚ цунах тешийла уьш‚ мукӀар хуьлийла Цунна церан дегнаш. Баккъалла а, Дела ма ву нисбеш верг ийман диллинарш нийсачу новкъа
22:54 -
وَلَا يَزَالُ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي مِرْيَةٍ مِنْهُ حَتَّىٰ تَأْتِيَهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً أَوْ يَأْتِيَهُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَقِيمٍ
ДӀатилар бац цатешнарш цунах шеконехь латтарх‚ шайна тӀе цӀеххьана сахьт кхаччалц‚ я шайна тӀе Ӏахар дийнан Ӏазап кхаччалц
22:55 -
الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ لِلَّهِ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ ۚ فَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукам дийр ду царна юккъехь. Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш йинарш а – ниӀматан бошмашкахь хир бу
22:56 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу шайна сийсаза долу Ӏазап хир дерш
22:57
Гочдар: Магомед Магомедов