Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 58 – 60
-
وَالَّذِينَ هَاجَرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ ثُمَّ قُتِلُوا أَوْ مَاتُوا لَيَرْزُقَنَّهُمُ اللَّهُ رِزْقًا حَسَنًا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Делан новкъахь дӀакхелхинарш‚ тӀаккха байинарш я белларш – даллане а хаза рицкъ лур ду царна Дала. Баккъалла а, Дела – И ву-кх рицкъ лучарах уггар диканиг
22:58 -
لَيُدْخِلَنَّهُمْ مُدْخَلًا يَرْضَوْنَهُ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَعَلِيمٌ حَلِيمٌ
Цо бохканне а чубухкур бу уьш шаьш шайна реза долчу чугӀойлина (ялсамани чу). Баккъалла а, Дела ма ву хуург а‚ дукха собаре верг а /царна Ӏазап ца деш/
22:59 -
ذَٰلِكَ وَمَنْ عَاقَبَ بِمِثْلِ مَا عُوقِبَ بِهِ ثُمَّ بُغِيَ عَلَيْهِ لَيَنْصُرَنَّهُ اللَّهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ
Иштта ду иза. Милла велахь а /муъмин нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таӀзар а дина‚ тӀаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данне а цунна гӀодийр ду Дала. Баккъалла а, Дела къинтӀераволург а ву‚ гечдийриг а ву
22:60
Гочдар: Магомед Магомедов