Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 60 – 62
-
ذَٰلِكَ وَمَنْ عَاقَبَ بِمِثْلِ مَا عُوقِبَ بِهِ ثُمَّ بُغِيَ عَلَيْهِ لَيَنْصُرَنَّهُ اللَّهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ
Иштта ду иза. Милла велахь а /муъмин нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таӀзар а дина‚ тӀаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данне а цунна гӀодийр ду Дала. Баккъалла а, Дела къинтӀераволург а ву‚ гечдийриг а ву
22:60 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ
И /гӀо ду/ Дела хиларна буьйса денна чуялош‚ де буьйсанна чудалош‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а
22:61 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ هُوَ الْبَاطِلُ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ
И /гӀо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И витина, цара /шега/ кхойкхург – и хиларна харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а
22:62
Гочдар: Магомед Магомедов