Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 65 – 72

  1. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ سَخَّرَ لَكُمْ مَا فِي الْأَرْضِ وَالْفُلْكَ تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ وَيُمْسِكُ السَّمَاءَ أَنْ تَقَعَ عَلَى الْأَرْضِ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِالنَّاسِ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Хьуна ца хиъна Дала шуна болх бойтуш хилар лаьттахь мел долчуьнга а‚ кемане а – лела и хӀорда чухула Цуьнан омраца. Цо сацайо стигал лаьтта тӀе йожарх‚ Шен пурбанца а бен. Баккъалла а, Дела нахана диканиг лууш верг а (и йоллу хма шуна муьтхь ярца)‚ къинхетаме верг а ву

    22:65
  2. وَهُوَ الَّذِي أَحْيَاكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ۗ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَكَفُورٌ

    И ву шуна дахар делларг‚ тӀаккха долуьйту Цо шу‚ тӀаккха /юха/ дендийр ду. Баккъалла а, адам – чг керста ду-кх

    22:66
  3. لِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنْسَكًا هُمْ نَاسِكُوهُ ۖ فَلَا يُنَازِعُنَّكَ فِي الْأَمْرِ ۚ وَادْعُ إِلَىٰ رَبِّكَ ۖ إِنَّكَ لَعَلَىٰ هُدًى مُسْتَقِيمٍ

    ХӀор умматана Оха хилийтина Ӏибадат ден меттиг‚ цара шена Ӏибадат а деш. Хьоьца ма къуьсийла цара гӀуллакхехь. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву

    22:67
  4. وَإِنْ جَادَلُوكَ فَقُلِ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Цара хьоьца къийсахь‚ ахь āла: 'Далла дика хаьа аш деш дерг'

    22:68
  5. اللَّهُ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь

    22:69
  6. أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۗ إِنَّ ذَٰلِكَ فِي كِتَابٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Хьуна ца хаьа Дела хууш вуйла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду

    22:70
  7. وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا وَمَا لَيْسَ لَهُمْ بِهِ عِلْمٌ ۗ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ نَصِيرٍ

    Цара Ӏибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех лаьцна цхьа а Ӏилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гӀоьнча

    22:71
  8. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ تَعْرِفُ فِي وُجُوهِ الَّذِينَ كَفَرُوا الْمُنْكَرَ ۖ يَكَادُونَ يَسْطُونَ بِالَّذِينَ يَتْلُونَ عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا ۗ قُلْ أَفَأُنَبِّئُكُمْ بِشَرٍّ مِنْ ذَٰلِكُمُ ۗ النَّارُ وَعَدَهَا اللَّهُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Шайна тӀехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачеран яххьашкахь инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тӀехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахь āла: 'Ас дуьйций шуна цул вочух? – ЦӀе ю, Дала цатешначарна ваӀда йина йолу‚ ма вон тӀекхачар ду-кх!'

    22:72

Гочдар: Магомед Магомедов