Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар), аят 73 – 78
-
يَا أَيُّهَا النَّاسُ ضُرِبَ مَثَلٌ فَاسْتَمِعُوا لَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَنْ يَخْلُقُوا ذُبَابًا وَلَوِ اجْتَمَعُوا لَهُ ۖ وَإِنْ يَسْلُبْهُمُ الذُّبَابُ شَيْئًا لَا يَسْتَنْقِذُوهُ مِنْهُ ۚ ضَعُفَ الطَّالِبُ وَالْمَطْلُوبُ
ХӀай нах! Масал далийна‚ ладогӀа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аш /шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хӀума яьккхича, – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а‚ шегара лоьхург а
22:73 -
مَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ
Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву
22:74 -
اللَّهُ يَصْطَفِي مِنَ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا وَمِنَ النَّاسِ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ
Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву
22:75 -
يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۗ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ
Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тӀаьхьа хиндерг а. Деле ддоьрзу гӀуллакхаш
22:76 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ارْكَعُوا وَاسْجُدُوا وَاعْبُدُوا رَبَّكُمْ وَافْعَلُوا الْخَيْرَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ ۩
ХӀай ийман диллинарш! РукӀе гӀо‚ суждане гӀо‚ Ӏибадат де шайн Кхиош-кхобучунна‚ диканиг де шу даккхийден там бу
22:77 -
وَجَاهِدُوا فِي اللَّهِ حَقَّ جِهَادِهِ ۚ هُوَ اجْتَبَاكُمْ وَمَا جَعَلَ عَلَيْكُمْ فِي الدِّينِ مِنْ حَرَجٍ ۚ مِلَّةَ أَبِيكُمْ إِبْرَاهِيمَ ۚ هُوَ سَمَّاكُمُ الْمُسْلِمِينَ مِنْ قَبْلُ وَفِي هَٰذَا لِيَكُونَ الرَّسُولُ شَهِيدًا عَلَيْكُمْ وَتَكُونُوا شُهَدَاءَ عَلَى النَّاسِ ۚ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَاعْتَصِمُوا بِاللَّهِ هُوَ مَوْلَاكُمْ ۖ فَنِعْمَ الْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ النَّصِيرُ
Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахӀиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо (Далла) аьлла шух бусалбанаш хьалха а‚ хӀокху /Къуръан/ чохь а‚ элча шуна тӀехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тӀехь. Ламаз хӀоттаде‚ закат ло‚ Делаца чӀагӀло. И ву шун вали – дика вали а ву‚ дика гӀоьнча а ву
22:78
Гочдар: Магомед Магомедов