Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 1 – 11

  1. قَدْ أَفْلَحَ الْمُؤْمِنُونَ

    Баккхийбийра муъмин нах

    23:1
  2. الَّذِينَ هُمْ فِي صَلَاتِهِمْ خَاشِعُونَ

    Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтIахь берш

    23:2
  3. وَالَّذِينَ هُمْ عَنِ اللَّغْوِ مُعْرِضُونَ

    Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш

    23:3
  4. وَالَّذِينَ هُمْ لِلزَّكَاةِ فَاعِلُونَ

    Уьш бу закат доккхуш берш

    23:4
  5. وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ

    Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш

    23:5
  6. إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ

    Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тIе ца гIерташ берш/ – тIаккха уьш бехке бац

    23:6
  7. فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ

    Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу

    23:7
  8. وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ

    Уьш бу шайх тешна дитина хIума а‚ шайца хилла барт а Iалашбеш берш

    23:8
  9. وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَوَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ

    Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш

    23:9
  10. أُولَٰئِكَ هُمُ الْوَارِثُونَ

    Уьш бу верасаш

    23:10
  11. الَّذِينَ يَرِثُونَ الْفِرْدَوْسَ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Шайна ирсана Фирдавс кхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш

    23:11

Гочдар: Магомед Магомедов