Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 1 – 22

  1. قَدْ أَفْلَحَ الْمُؤْمِنُونَ

    Баккхийбийра муъмин нах

    23:1
  2. الَّذِينَ هُمْ فِي صَلَاتِهِمْ خَاشِعُونَ

    Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтӀахь берш

    23:2
  3. وَالَّذِينَ هُمْ عَنِ اللَّغْوِ مُعْرِضُونَ

    Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш

    23:3
  4. وَالَّذِينَ هُمْ لِلزَّكَاةِ فَاعِلُونَ

    Уьш бу закат доккхуш берш

    23:4
  5. وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ

    Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш

    23:5
  6. إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ

    Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тӀе ца гӀерташ берш/ – тӀаккха уьш бехке бац

    23:6
  7. فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ

    Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу

    23:7
  8. وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ

    Уьш бу шайх тешна дитина хӀума а‚ шайца хилла барт а Ӏалашбеш берш

    23:8
  9. وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَوَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ

    Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш

    23:9
  10. أُولَٰئِكَ هُمُ الْوَارِثُونَ

    Уьш бу верасаш

    23:10
  11. الَّذِينَ يَرِثُونَ الْفِرْدَوْسَ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Шайна ирсана Фирдавс кхочур ерш‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар болуш

    23:11
  12. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنْ سُلَالَةٍ مِنْ طِينٍ

    Оха кхоьллина адам (дуьххьара стаг Āдам) цӀенчу поппарх (топпарх)

    23:12
  13. ثُمَّ جَعَلْنَاهُ نُطْفَةً فِي قَرَارٍ مَكِينٍ

    ТӀаккха хилийтина Оха цунах тӀадам чӀогӀачу меттигехь

    23:13
  14. ثُمَّ خَلَقْنَا النُّطْفَةَ عَلَقَةً فَخَلَقْنَا الْعَلَقَةَ مُضْغَةً فَخَلَقْنَا الْمُضْغَةَ عِظَامًا فَكَسَوْنَا الْعِظَامَ لَحْمًا ثُمَّ أَنْشَأْنَاهُ خَلْقًا آخَرَ ۚ فَتَبَارَكَ اللَّهُ أَحْسَنُ الْخَالِقِينَ

    ТӀаккха тӀадамах декъа цӀий кхоьллира Оха‚ декъачу цӀийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьӀахкаш‚ тӀаккха даьӀахкий тӀе жижиг дуьхийра (диллира) Оха, тӀаккха Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате хилла Дела – кхоллархойх уггар диканиг

    23:14
  15. ثُمَّ إِنَّكُمْ بَعْدَ ذَٰلِكَ لَمَيِّتُونَ

    ТӀаккха‚ баккъалла а, шу цул тӀаьхьа лийр ду

    23:15
  16. ثُمَّ إِنَّكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ تُبْعَثُونَ

    ТӀаккха‚ баккъалла а, шу къематдийнахь дендийр ду

    23:16
  17. وَلَقَدْ خَلَقْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعَ طَرَائِقَ وَمَا كُنَّا عَنِ الْخَلْقِ غَافِلِينَ

    Оха кхоьллира шуна тӀехула ворхӀ гтт /стигал/ – Тхо ца хилира /массо а Тхаш кхоьллинчу/ халкъах гӀовпал (тидам боцуш)

    23:17
  18. وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً بِقَدَرٍ فَأَسْكَنَّاهُ فِي الْأَرْضِ ۖ وَإِنَّا عَلَىٰ ذَهَابٍ بِهِ لَقَادِرُونَ

    Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дӀадахийта а ницкъ болуш ду

    23:18
  19. فَأَنْشَأْنَا لَكُمْ بِهِ جَنَّاتٍ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ لَكُمْ فِيهَا فَوَاكِهُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Оха кхиийра шуна цуьнца (догӀица) хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохь дуккха стоьмаш а бу‚ аш царах боу

    23:19
  20. وَشَجَرَةً تَخْرُجُ مِنْ طُورِ سَيْنَاءَ تَنْبُتُ بِالدُّهْنِ وَصِبْغٍ لِلْآكِلِينَ

    Сайнаъ ламанах схьадолуш долу зайт-дитт а /кхоьллина Оха/‚ цунах долу зайтдаьтта а‚ чамбийриг а юучарна

    23:20
  21. وَإِنَّ لَكُمْ فِي الْأَنْعَامِ لَعِبْرَةً ۖ نُسْقِيكُمْ مِمَّا فِي بُطُونِهَا وَلَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Баккъалла а, шуна бежнашкахь /кхин са долчу хӀумнашкахь а/ масал ма ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух‚ шуна цаьргахь дуккха пайданаш а бу‚ царах аш доу

    23:21
  22. وَعَلَيْهَا وَعَلَى الْفُلْكِ تُحْمَلُونَ

    Царна (бежнашна) тӀехь а‚ кеманна тӀехь а шу дсалеладо

    23:22

Гочдар: Магомед Магомедов