Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 1 – 6

  1. قَدْ أَفْلَحَ الْمُؤْمِنُونَ

    Баккхийбийра муъмин нах

    23:1
  2. الَّذِينَ هُمْ فِي صَلَاتِهِمْ خَاشِعُونَ

    Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтӀахь берш

    23:2
  3. وَالَّذِينَ هُمْ عَنِ اللَّغْوِ مُعْرِضُونَ

    Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш

    23:3
  4. وَالَّذِينَ هُمْ لِلزَّكَاةِ فَاعِلُونَ

    Уьш бу закат доккхуш берш

    23:4
  5. وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ

    Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш

    23:5
  6. إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ

    Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тӀе ца гӀерташ берш/ – тӀаккха уьш бехке бац

    23:6

Гочдар: Магомед Магомедов