Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 1 – 9
-
قَدْ أَفْلَحَ الْمُؤْمِنُونَ
Баккхийбийра муъмин нах
23:1 -
الَّذِينَ هُمْ فِي صَلَاتِهِمْ خَاشِعُونَ
Уьш бу шайн ламазашкахь /Делах кхоьруш, Цуьнан ваззаллина/ муьтӀахь берш
23:2 -
وَالَّذِينَ هُمْ عَنِ اللَّغْوِ مُعْرِضُونَ
Уьш бу даьссачу хабарех юьстахбовлуш берш
23:3 -
وَالَّذِينَ هُمْ لِلزَّكَاةِ فَاعِلُونَ
Уьш бу закат доккхуш берш
23:4 -
وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ
Уьш бу шайн эвхье меженаш ларъеш берш
23:5 -
إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ
Шайн зударшна а‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначарна а бен /тӀе ца гӀерташ берш/ – тӀаккха уьш бехке бац
23:6 -
فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ
Царал дехьа кхийдинарш – уьш /Делан/ дозанех бевларш бу
23:7 -
وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ
Уьш бу шайх тешна дитина хӀума а‚ шайца хилла барт а Ӏалашбеш берш
23:8 -
وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَوَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ
Уьш бу шайн ламазаш лардеш берш
23:9
Гочдар: Магомед Магомедов