Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 18 – 19

  1. وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً بِقَدَرٍ فَأَسْكَنَّاهُ فِي الْأَرْضِ ۖ وَإِنَّا عَلَىٰ ذَهَابٍ بِهِ لَقَادِرُونَ

    Оха доссийра стиглара хи барамца‚ и сацийра Оха лаьттахь‚ Тхо и дӀадахийта а ницкъ болуш ду

    23:18
  2. فَأَنْشَأْنَا لَكُمْ بِهِ جَنَّاتٍ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ لَكُمْ فِيهَا فَوَاكِهُ كَثِيرَةٌ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Оха кхиийра шуна цуьнца (догӀица) хурманан а‚ кемсийн а бошмаш‚ шуна цу чохь дуккха стоьмаш а бу‚ аш царах боу

    23:19

Гочдар: Магомед Магомедов