Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 23 – 30
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: 'ХIай сан къам! Аш Iибадат де Далла‚ шуна вац И воцург кхин дела‚ шу ца кхоьру?'
23:23 -
فَقَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ مَا هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يُرِيدُ أَنْ يَتَفَضَّلَ عَلَيْكُمْ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَأَنْزَلَ مَلَائِكَةً مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي آبَائِنَا الْأَوَّلِينَ
Цуьнан къомах ца тешаш хиллачеран элаша элира: 'ХIара-м адам бен дац‚ шу санна‚ иза лууш ву шуна тIехь хьалавала‚ Далла лиънехьара, Цо маликаш дохкуьйтур дара. Тхуна ца хезна оцунах тхан хьалхалерчу дайшкахь а
23:24 -
إِنْ هُوَ إِلَّا رَجُلٌ بِهِ جِنَّةٌ فَتَرَبَّصُوا بِهِ حَتَّىٰ حِينٍ
Иза (Нухь) жинех волу стаг бен ма вац‚ шу хьовсал цуьнга цхьа хан яллалц'
23:25 -
قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي بِمَا كَذَّبُونِ
Цо (Нухьас, Деле доьхуш) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гIо делахь суна цара со харцварна'
23:26 -
فَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ أَنِ اصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا فَإِذَا جَاءَ أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ ۙ فَاسْلُكْ فِيهَا مِنْ كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَنْ سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ مِنْهُمْ ۖ وَلَا تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُوا ۖ إِنَّهُمْ مُغْرَقُونَ
Оха хаам бира цуьнга вехьеца: 'Кема де Тхан бIаьргий хьалхахь, Тхан хьехамца. Тхан гIуллакх деъча‚ пеш кхехкича‚ цу чу (кеманна тIе) лахка хIораннах шишша тайпа а‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тIехь дош хьалхадаьлларш боцурш. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу'
23:27 -
فَإِذَا اسْتَوَيْتَ أَنْتَ وَمَنْ مَعَكَ عَلَى الْفُلْكِ فَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي نَجَّانَا مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тIехь дIанисвелча‚ ахь алалахь: 'Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах'
23:28 -
وَقُلْ رَبِّ أَنْزِلْنِي مُنْزَلًا مُبَارَكًا وَأَنْتَ خَيْرُ الْمُنْزِلِينَ
Ахь āлалахь: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх.'
23:29 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ وَإِنْ كُنَّا لَمُبْتَلِينَ
Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх‚ Тхо хилла-кх зуьйш дерш
23:30
Гочдар: Магомед Магомедов