Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 27 – 29
-
فَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ أَنِ اصْنَعِ الْفُلْكَ بِأَعْيُنِنَا وَوَحْيِنَا فَإِذَا جَاءَ أَمْرُنَا وَفَارَ التَّنُّورُ ۙ فَاسْلُكْ فِيهَا مِنْ كُلٍّ زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ وَأَهْلَكَ إِلَّا مَنْ سَبَقَ عَلَيْهِ الْقَوْلُ مِنْهُمْ ۖ وَلَا تُخَاطِبْنِي فِي الَّذِينَ ظَلَمُوا ۖ إِنَّهُمْ مُغْرَقُونَ
Оха хаам бира цуьнга вехьеца: 'Кема де Тхан бӀаьргий хьалхахь, Тхан хьехамца. Тхан гӀуллакх деъча‚ пеш кхехкича‚ цу чу (кеманна тӀе) лахка хӀораннах шишша тайпа а‚ хьан доьзал а‚ царах шайна тӀехь дош хьалхадаьлларш боцурш. Соьга ма хьехабелахь зулам динарш. Уьш хина бухабохуьйтур бу'
23:27 -
فَإِذَا اسْتَوَيْتَ أَنْتَ وَمَنْ مَعَكَ عَلَى الْفُلْكِ فَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي نَجَّانَا مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Хьо а‚ хьоьца верг а кеманна тӀехь дӀанисвелча‚ ахь алалахь: 'Хастам бу Далла‚ тхо хьалхадаьхначу зуламечу къомах'
23:28 -
وَقُلْ رَبِّ أَنْزِلْنِي مُنْزَلًا مُبَارَكًا وَأَنْتَ خَيْرُ الْمُنْزِلِينَ
Ахь āлалахь: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ охьавоссавелахь со беркатечу меттигехь‚ Хьо уггар дика охьавоссориг ву-кх.'
23:29
Гочдар: Магомед Магомедов