Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 33 – 50

  1. وَقَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِهِ الَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِلِقَاءِ الْآخِرَةِ وَأَتْرَفْنَاهُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا مَا هَٰذَا إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يَأْكُلُ مِمَّا تَأْكُلُونَ مِنْهُ وَيَشْرَبُ مِمَّا تَشْرَبُونَ

    Цуьнан къоман ца тешаш хиллачу‚ эхартаца цхьанакхетар харцдеш хиллачу‚ Оха дуьненан дахарехь шайга зовкх хьегийтинчу элаша элира: 'ХӀара-м адам бен дац‚ шу санна‚ аш юучух юу цо‚ аш молучух молу цо

    23:33
  2. وَلَئِنْ أَطَعْتُمْ بَشَرًا مِثْلَكُمْ إِنَّكُمْ إِذًا لَخَاسِرُونَ

    Шу муьтхь хилахь шаьш санначу адамна‚ тӀаккха‚ баккъалла а, ма эшнарш ду-кх шу

    23:34
  3. أَيَعِدُكُمْ أَنَّكُمْ إِذَا مِتُّمْ وَكُنْتُمْ تُرَابًا وَعِظَامًا أَنَّكُمْ مُخْرَجُونَ

    Цо ваӀда до шуна‚ шу делча‚ шух латта а‚ даьӀахкаш а хилча‚ шу арадохур ду‚ аьлла?

    23:35
  4. هَيْهَاتَ هَيْهَاتَ لِمَا تُوعَدُونَ

    Ма гена ду-кх‚ ма гена ду-кх шуна деш долу ваӀда!

    23:36
  5. إِنْ هِيَ إِلَّا حَيَاتُنَا الدُّنْيَا نَمُوتُ وَنَحْيَا وَمَا نَحْنُ بِمَبْعُوثِينَ

    ХӀара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац‚ ле вай‚ деха вай – вай юха дендийр дац

    23:37
  6. إِنْ هُوَ إِلَّا رَجُلٌ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا وَمَا نَحْنُ لَهُ بِمُؤْمِنِينَ

    И ву веккъа Далла тӀе харцдерг кхоьллина стаг‚ вай цунах тешар дац'

    23:38
  7. قَالَ رَبِّ انْصُرْنِي بِمَا كَذَّبُونِ

    Цо (элчано) элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ Ахь суна гӀо делахь цара со харцварна'

    23:39
  8. قَالَ عَمَّا قَلِيلٍ لَيُصْبِحُنَّ نَادِمِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Цхьа кӀеззигчу /хенахь/ уьш дохкобевлла хир бу хьуна'

    23:40
  9. فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ بِالْحَقِّ فَجَعَلْنَاهُمْ غُثَاءً ۚ فَبُعْدًا لِلْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Уьш схьалецира цӀогӀа тохаро‚ лаца хьакъ болуш‚ Оха нехаш йира царах. Делла дала зуламе къам!

    23:41
  10. ثُمَّ أَنْشَأْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ قُرُونًا آخَرِينَ

    ТӀаккха‚ царал тӀаьхьа‚ кхиийра Оха кхин тӀаьхьенаш

    23:42
  11. مَا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ

    Хьалхадер дац цхьа а уммат шен Ӏожаллал‚ тӀаьхьабуьсур а бац уьш

    23:43
  12. ثُمَّ أَرْسَلْنَا رُسُلَنَا تَتْرَىٰ ۖ كُلَّ مَا جَاءَ أُمَّةً رَسُولُهَا كَذَّبُوهُ ۚ فَأَتْبَعْنَا بَعْضَهُمْ بَعْضًا وَجَعَلْنَاهُمْ أَحَادِيثَ ۚ فَبُعْدًا لِقَوْمٍ لَا يُؤْمِنُونَ

    ТӀаккха тӀеттӀа бахийтира Оха Тхан элчанаш. Мацца а умматана тӀе шен элча веъча – цара и харцвора‚ Оха царах цхьаберш вукхарна тӀаьхьабахийтира. Оха царах хилийтира дийцарш. Делла дāла ца тешаш долу къам!

    23:44
  13. ثُمَّ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ وَأَخَاهُ هَارُونَ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    ТӀаккха Оха вахийтира Муса а‚ цуьнан ваша ХӀарун а Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

    23:45
  14. إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا عَالِينَ

    ФирӀавнна а‚ цуьнан элашна а тӀе – уьш курабевлира‚ царах хилира лакхадала гӀерта къам

    23:46
  15. فَقَالُوا أَنُؤْمِنُ لِبَشَرَيْنِ مِثْلِنَا وَقَوْمُهُمَا لَنَا عَابِدُونَ

    Цара элира: 'Тхо тешар ду ткъа тхо санначу шина стагах‚ цу шиннан нах тхуна /леш хилла/ гӀуллакх деш а болуш?'

    23:47
  16. فَكَذَّبُوهُمَا فَكَانُوا مِنَ الْمُهْلَكِينَ

    Цара и шиъ харцвира‚ шаьш хӀаллакхиллачарах хилира

    23:48
  17. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ لَعَلَّهُمْ يَهْتَدُونَ

    Оха делира Мусага жайна‚ уьш нислур бацара-те‚ аьлла

    23:49
  18. وَجَعَلْنَا ابْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُ آيَةً وَآوَيْنَاهُمَا إِلَىٰ رَبْوَةٍ ذَاتِ قَرَارٍ وَمَعِينٍ

    Оха хилийтира Марьяман кӀантах а‚ цуьнан ненах а делил. Оха /цхьана ханна баха/ охьаховшийра и шиъ лекхачу меттиге‚ шен чӀагӀо а‚ шовда а долчу

    23:50

Гочдар: Магомед Магомедов