Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 51 – 77
-
يَا أَيُّهَا الرُّسُلُ كُلُوا مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَاعْمَلُوا صَالِحًا ۖ إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ
ХӀай элчанаш! Даа цӀенчух‚ Ӏамал е диканиг! Баккъалла а, Со аш деш дерг хууш ву шуна
23:51 -
وَإِنَّ هَٰذِهِ أُمَّتُكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَأَنَا رَبُّكُمْ فَاتَّقُونِ
Баккъалла а, хӀара шун уммат цхьа уммат ду‚ Со шун Кхиош-кхобург ву‚ Сох кхералаш
23:52 -
فَتَقَطَّعُوا أَمْرَهُمْ بَيْنَهُمْ زُبُرًا ۖ كُلُّ حِزْبٍ بِمَا لَدَيْهِمْ فَرِحُونَ
Цара хадийра шайн гӀуллакх вовший юккъехь тобанашца. Массо а тоба шегахь долчуьнца яккхийеш ю
23:53 -
فَذَرْهُمْ فِي غَمْرَتِهِمْ حَتَّىٰ حِينٍ
Бита уьш шайн кегари чохь /уьш лийр болу/ хан тӀеккхаччалц
23:54 -
أَيَحْسَبُونَ أَنَّمَا نُمِدُّهُمْ بِهِ مِنْ مَالٍ وَبَنِينَ
Царна моьтту-техьа Оха шайна шеца бахам а‚ кӀентий а луш хилар
23:55 -
نُسَارِعُ لَهُمْ فِي الْخَيْرَاتِ ۚ بَلْ لَا يَشْعُرُونَ
Оха шайна диканаш сихдар ду? ХӀетте а, ца хаало-кх царна
23:56 -
إِنَّ الَّذِينَ هُمْ مِنْ خَشْيَةِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ
Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш эгна берш‚
23:57 -
وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ
Шаьш шайн Кхиош-кхобучун аятех тешаш берш‚
23:58 -
وَالَّذِينَ هُمْ بِرَبِّهِمْ لَا يُشْرِكُونَ
Шаьш шайн Кхиош-кхобучуьнца накъостий ца луьйцуш берш‚
23:59 -
وَالَّذِينَ يُؤْتُونَ مَا آتَوْا وَقُلُوبُهُمْ وَجِلَةٌ أَنَّهُمْ إِلَىٰ رَبِّهِمْ رَاجِعُونَ
Шаьш шайн Кхиош-кхобучунна тӀе ддоьрзур дуйла а хууш, /Цунах/ шайн дегнаш кхоьруш а долуш‚ шайна /Дала/ деллачу рицкъих /сагӀа/ луш берш -
23:60 -
أُولَٰئِكَ يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَهُمْ لَهَا سَابِقُونَ
Уьш бу диканашна тӀе сихбелларш - уьш царах (шайн диканех) хьалххе ткхуьур бу!
23:61 -
وَلَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَلَدَيْنَا كِتَابٌ يَنْطِقُ بِالْحَقِّ ۚ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
Оха тӀе ца дуьллу синна цуьнан ницкъ кхочург бен. Тхоьгахь ду жайна‚ ша бакъдерг дуьйцуш долу‚ царна зулам дийр дац
23:62 -
بَلْ قُلُوبُهُمْ فِي غَمْرَةٍ مِنْ هَٰذَا وَلَهُمْ أَعْمَالٌ مِنْ دُونِ ذَٰلِكَ هُمْ لَهَا عَامِلُونَ
Церан (керстанийн) дегнаш оцунах (бакъдолчух) дӀатилар чохь ду‚ царна уьш йоцурш а /кхин вон/ Ӏамалаш ю, шаьш еш йолу
23:63 -
حَتَّىٰ إِذَا أَخَذْنَا مُتْرَفِيهِمْ بِالْعَذَابِ إِذَا هُمْ يَجْأَرُونَ
Царах ниӀмат делларш Оха Ӏазапаца схьалаьцча‚ уьш мохь хьоькхуш бисира
23:64 -
لَا تَجْأَرُوا الْيَوْمَ ۖ إِنَّكُمْ مِنَّا لَا تُنْصَرُونَ
/Цаьрга элира/: 'Мохь ма хьекха тахана – шуна Тхоьгара гӀо хир дац!'
23:65 -
قَدْ كَانَتْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَكُنْتُمْ عَلَىٰ أَعْقَابِكُمْ تَنْكِصُونَ
Хилла Сан аяташ шуна тӀехь доьшуш – хилла шу царах юхадовлуш
23:66 -
مُسْتَكْبِرِينَ بِهِ سَامِرًا تَهْجُرُونَ
Курадевлла цуьнца (КаӀбица)‚ буьйсанна /Къуръанах/ луьйш
23:67 -
أَفَلَمْ يَدَّبَّرُوا الْقَوْلَ أَمْ جَاءَهُمْ مَا لَمْ يَأْتِ آبَاءَهُمُ الْأَوَّلِينَ
Цара ойла ца йо дашах‚ я цаьрга деана церан хьалхалерчу дайшка ца деънарг?
23:68 -
أَمْ لَمْ يَعْرِفُوا رَسُولَهُمْ فَهُمْ لَهُ مُنْكِرُونَ
Я царна ца вевзира шайн элча‚ цара цунна инкарло а еш?
23:69 -
أَمْ يَقُولُونَ بِهِ جِنَّةٌ ۚ بَلْ جَاءَهُمْ بِالْحَقِّ وَأَكْثَرُهُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ
Я цара олу: 'Цуьнца жинаш ду?' И веана цаьрга бакъдолчуьнца‚ царах дукхахберш бакъдерг ца дезаш бу
23:70 -
وَلَوِ اتَّبَعَ الْحَقُّ أَهْوَاءَهُمْ لَفَسَدَتِ السَّمَاوَاتُ وَالْأَرْضُ وَمَنْ فِيهِنَّ ۚ بَلْ أَتَيْنَاهُمْ بِذِكْرِهِمْ فَهُمْ عَنْ ذِكْرِهِمْ مُعْرِضُونَ
Бакъдерг церан дезаршна тӀаьхьа даьллехьара‚ стигланаш а‚ латта а‚ цу чохь мел дерг а хӀаллакхир дара. Оха цаьрга белира /шена чохь/ шайна сий а, дозалла а долуш хьехам (Къуръан). Уьш шайна /бечу/ хьехамах дбоьрзура
23:71 -
أَمْ تَسْأَلُهُمْ خَرْجًا فَخَرَاجُ رَبِّكَ خَيْرٌ ۖ وَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Я ахь цаьрга харж йоьху? Хьан Кхиош-кхобучун харж тоьлаш ю. Иза рицкъ лучарах уггар диканиг ву
23:72 -
وَإِنَّكَ لَتَدْعُوهُمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Баккъалла а, ахь уьш кхойкху нийсачу новкъа
23:73 -
وَإِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ عَنِ الصِّرَاطِ لَنَاكِبُونَ
Баккъалла а, эхартах цатешарш /нийсачу/ некъах дӀатуьлуш ма бу
23:74 -
وَلَوْ رَحِمْنَاهُمْ وَكَشَفْنَا مَا بِهِمْ مِنْ ضُرٍّ لَلَجُّوا فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
Оха къинхетам бинехьара царах‚ айдинехьара царах долу зен‚ уьш кхерсташ чухьовдур ма бара шайн тиларна
23:75 -
وَلَقَدْ أَخَذْنَاهُمْ بِالْعَذَابِ فَمَا اسْتَكَانُوا لِرَبِّهِمْ وَمَا يَتَضَرَّعُونَ
Оха Ӏазапаца схьалийцира уьш‚ амма уьш мукӀар ца хилира шайн Кхиош-кхобучунна‚ /Цуьнга/ хьаста ца белира
23:76 -
حَتَّىٰ إِذَا فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ بَابًا ذَا عَذَابٍ شَدِيدٍ إِذَا هُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ
Оха шайна тӀе чӀогӀа Ӏазап долу неӀ схьаеллалц – уьш цигахь массо а хӀуманах дог диллина бисира
23:77
Гочдар: Магомед Магомедов