Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 57 – 61
-
إِنَّ الَّذِينَ هُمْ مِنْ خَشْيَةِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ
Баккъалла а, шаьш шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш эгна берш‚
23:57 -
وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ
Шаьш шайн Кхиош-кхобучун аятех тешаш берш‚
23:58 -
وَالَّذِينَ هُمْ بِرَبِّهِمْ لَا يُشْرِكُونَ
Шаьш шайн Кхиош-кхобучуьнца накъостий ца луьйцуш берш‚
23:59 -
وَالَّذِينَ يُؤْتُونَ مَا آتَوْا وَقُلُوبُهُمْ وَجِلَةٌ أَنَّهُمْ إِلَىٰ رَبِّهِمْ رَاجِعُونَ
Шаьш шайн Кхиош-кхобучунна тӀе ддоьрзур дуйла а хууш, /Цунах/ шайн дегнаш кхоьруш а долуш‚ шайна /Дала/ деллачу рицкъих /сагӀа/ луш берш -
23:60 -
أُولَٰئِكَ يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَهُمْ لَهَا سَابِقُونَ
Уьш бу диканашна тӀе сихбелларш - уьш царах (шайн диканех) хьалххе ткхуьур бу!
23:61
Гочдар: Магомед Магомедов