Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 78 – 92
-
وَهُوَ الَّذِي أَنْشَأَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۚ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ
Иза (Дела) ву кхоьллина шуна хазар а‚ бӀаьрса а‚ дегнаш а – ма кӀезиг баркалла олу-кх аш!
23:78 -
وَهُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Иза ву кхиийна шу лаьттахь – Цунна тӀе шу дгулдийр долуш а ду
23:79 -
وَهُوَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ وَلَهُ اخْتِلَافُ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ ۚ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Иза ву дендеш верг а‚ долуьйтуш верг а‚ Цуьнан ду буьйса а‚ де а хьийзар‚ шу хьекъале ца хуьлу?
23:80 -
بَلْ قَالُوا مِثْلَ مَا قَالَ الْأَوَّلُونَ
ХӀаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьллачух тераниг
23:81 -
قَالُوا أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ
Цара элира: 'Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьӀахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду?
23:82 -
لَقَدْ وُعِدْنَا نَحْنُ وَآبَاؤُنَا هَٰذَا مِنْ قَبْلُ إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
И ваӀда динера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац'
23:83 -
قُلْ لِمَنِ الْأَرْضُ وَمَنْ فِيهَا إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?'
23:84 -
سَيَقُولُونَ لِلَّهِ ۚ قُلْ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Цара эр ду: 'Делан ду'. Ахь āла: 'Аш ойла ца йо?'
23:85 -
قُلْ مَنْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ السَّبْعِ وَرَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
Ахь āла: 'Мила ву ворхӀ стигалан Кхиош-кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Ӏаршан Кхиош-кхобург?'
23:86 -
سَيَقُولُونَ لِلَّهِ ۚ قُلْ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Цара эр ду хьуна: '/Уьш/ Делан ю-кх'. Ахь āла: 'Шу ца кхоьру /Делах/?'
23:87 -
قُلْ مَنْ بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ يُجِيرُ وَلَا يُجَارُ عَلَيْهِ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Мила ву шен карахь массо а хӀуманан паччахьалла дерг‚ ша /кхиберш/ ларош верг‚ шена дуьхьал /кхечара/ ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?'
23:88 -
سَيَقُولُونَ لِلَّهِ ۚ قُلْ فَأَنَّىٰ تُسْحَرُونَ
Цара эр ду: 'Дела ву-кх'. Ахь āла: 'Ма бозбуунчалла деш ду-кх шуна!'
23:89 -
بَلْ أَتَيْنَاهُمْ بِالْحَقِّ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
ХӀаъ‚ Оха цаьрга делира бакъдерг. Баккъалла а, уьш харцлуьйш берш ма бу
23:90 -
مَا اتَّخَذَ اللَّهُ مِنْ وَلَدٍ وَمَا كَانَ مَعَهُ مِنْ إِلَٰهٍ ۚ إِذًا لَذَهَبَ كُلُّ إِلَٰهٍ بِمَا خَلَقَ وَلَعَلَا بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يَصِفُونَ
Дала ца лецира цхьа а доьзалхо‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТӀаккха-м массо а делас ша кхоьллинарг дӀахьур ма дара‚ царах цхьаберш (делий) вукхарал лакхабевр ма бара. ЦӀена ву и Дела цара Шех кхуллучух
23:91 -
عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волу‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух
23:92
Гочдар: Магомед Магомедов