Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах), аят 93 – 118

  1. قُلْ رَبِّ إِمَّا تُرِيَنِّي مَا يُوعَدُونَ

    Ахь āла: 'Со Кхиош-кхобург‚ нагахь Ахь гайтанне а гайтахь суна царна хир ду аьлларг (Ӏазап),

    23:93
  2. رَبِّ فَلَا تَجْعَلْنِي فِي الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Со Кхиош-кхобург‚ тӀаккха со ма хилийталахь зуламе нахана юккъехь'

    23:94
  3. وَإِنَّا عَلَىٰ أَنْ نُرِيَكَ مَا نَعِدُهُمْ لَقَادِرُونَ

    Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваӀда динарг ницкъ болуш ду хьуна‚

    23:95
  4. ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ السَّيِّئَةَ ۚ نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَصِفُونَ

    Ахь духатохалахь вониг ша диках долчуьнца. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тӀе/ кхуллург

    23:96
  5. وَقُلْ رَبِّ أَعُوذُ بِكَ مِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ

    Ахь алалахь: 'Со Кхиош-кхобург‚ со ларло Хьоьца шайтӀанийн тхсдечу /вочу/ хманех

    23:97
  6. وَأَعُوذُ بِكَ رَبِّ أَنْ يَحْضُرُونِ

    Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-кхобург‚ уьш (шайтӀанаш) суна гергадахкарх'

    23:98
  7. حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ رَبِّ ارْجِعُونِ

    Царах цхьанна тӀе валар деъча‚ эр ду: 'Сан Кхиош-кхобург‚ юхаверзаве-хьа со /дуьнена/

    23:99
  8. لَعَلِّي أَعْمَلُ صَالِحًا فِيمَا تَرَكْتُ ۚ كَلَّا ۚ إِنَّهَا كَلِمَةٌ هُوَ قَائِلُهَا ۖ وَمِنْ وَرَائِهِمْ بَرْزَخٌ إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Дика Ӏамал ян мегара ас‚ айса ца еш йитинарг'. ХӀан-хӀа! И дош ду цо (шайтӀано‚ цатешачу стага) ша аьлла долу. Церан тӀехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц

    23:100
  9. فَإِذَا نُفِخَ فِي الصُّورِ فَلَا أَنْسَابَ بَيْنَهُمْ يَوْمَئِذٍ وَلَا يَتَسَاءَلُونَ

    Сур лекхча, – гергарлонаш хир дац царна юккъехь оцу дийнахь‚ вовшашка хоьттур дац цара

    23:101
  10. فَمَنْ ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Шайн мизан-терза дазделларш – уьш хир бу баккхийбуьйраш

    23:102
  11. وَمَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ فَأُولَٰئِكَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ فِي جَهَنَّمَ خَالِدُونَ

    Шен миза-терза дайделларш – уьш шаьш хӀаллакбинарш бу‚ гуттар жоьжахати чохь хир бу уьш

    23:103
  12. تَلْفَحُ وُجُوهَهُمُ النَّارُ وَهُمْ فِيهَا كَالِحُونَ

    Шайн яххьаш цӀаро ягаеш‚ шаьш цу (жоьжахати) чохь кхоьлина (юьхь хабийна) хир бу уьш

    23:104
  13. أَلَمْ تَكُنْ آيَاتِي تُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ فَكُنْتُمْ بِهَا تُكَذِّبُونَ

    Сан аяташ ца хилира шуна тӀехь доьшуш? Шу ма хилира уьш харцдеш!

    23:105
  14. قَالُوا رَبَّنَا غَلَبَتْ عَلَيْنَا شِقْوَتُنَا وَكُنَّا قَوْمًا ضَالِّينَ

    Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан декъазалла туьйлира тхуна тӀехь‚ тхо хили-кх тиладелла къам

    23:106
  15. رَبَّنَا أَخْرِجْنَا مِنْهَا فَإِنْ عُدْنَا فَإِنَّا ظَالِمُونَ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ арадāхахь тхо цу (жоьжахати) чуьра‚ тхо юха а тӀедерзахь /къиношна/‚ – тӀаккха тхо хир хьуна зуламхой'

    23:107
  16. قَالَ اخْسَئُوا فِيهَا وَلَا تُكَلِّمُونِ

    Цо (Дала) элира: 'ДӀасовца цу чохь‚ къамел ма де Соьга!'

    23:108
  17. إِنَّهُ كَانَ فَرِيقٌ مِنْ عِبَادِي يَقُولُونَ رَبَّنَا آمَنَّا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ

    Баккъалла а, Сан лех цхьа тоба хилира олуш: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ ийман диллина оха‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг'

    23:109
  18. فَاتَّخَذْتُمُوهُمْ سِخْرِيًّا حَتَّىٰ أَنْسَوْكُمْ ذِكْرِي وَكُنْتُمْ مِنْهُمْ تَضْحَكُونَ

    Аш царах белар дира оцо шуьга Сан хьехам бицбайтталц‚ шу хилира царах доьлуш

    23:110
  19. إِنِّي جَزَيْتُهُمُ الْيَوْمَ بِمَا صَبَرُوا أَنَّهُمْ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Баккъалла а, Ас ял ели царна тахана цара собар дарна‚ баккъалла а, уьш бу-кх толам баьккхинарш

    23:111
  20. قَالَ كَمْ لَبِثْتُمْ فِي الْأَرْضِ عَدَدَ سِنِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Мел лаьттира шу лаьтта тӀехь шерийн барамехь?'

    23:112
  21. قَالُوا لَبِثْنَا يَوْمًا أَوْ بَعْضَ يَوْمٍ فَاسْأَلِ الْعَادِّينَ

    Цара элира: 'Тхо лаьттира дийнахь‚ я дийнан цхьана декъехь‚ хаттал дагардечаьрга'

    23:113
  22. قَالَ إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا ۖ لَوْ أَنَّكُمْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Цо элира: 'Шу кӀеззиг бен ца лаьттира‚ шу хиллехьара хууш'

    23:114
  23. أَفَحَسِبْتُمْ أَنَّمَا خَلَقْنَاكُمْ عَبَثًا وَأَنَّكُمْ إِلَيْنَا لَا تُرْجَعُونَ

    Шуна моьттина-те Оха шу кхоьллина эрна‚ шаьш Тхуна тӀе ддерзор а дац?

    23:115
  24. فَتَعَالَى اللَّهُ الْمَلِكُ الْحَقُّ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْكَرِيمِ

    Лакхавели Дела – бакъволу паччахь‚ вац кхин дела Иза воцург – сийлахь йолчу Ӏаршан Да /ву Иза/

    23:116
  25. وَمَنْ يَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ لَا بُرْهَانَ لَهُ بِهِ فَإِنَّمَا حِسَابُهُ عِنْدَ رَبِّهِ ۚ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ

    Милла велахь Делаца цхьана кхечу деле кхойкхуш‚ шена цуьнца цхьа а тешалла а доцуш – цуьнан хьесап шен Кхиош-кхобучун карахь ду. Баккъалла а, баккхийбуьйр ма бац цатешнарш

    23:117
  26. وَقُلْ رَبِّ اغْفِرْ وَارْحَمْ وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّاحِمِينَ

    Ахь āла: 'Со Кхиош-кхобург‚ гечдехьа‚ къинхетам бехьа‚ Хьо ву-кх къинхетам бечарах уггар диканиг'

    23:118

Гочдар: Магомед Магомедов