Сурат 23 Аль-муъминун (Муъманах)
-
بَلْ قَالُوا مِثْلَ مَا قَالَ الْأَوَّلُونَ
ХIаъ‚ цара элира хьалхалерчара аьллачух тераниг
23:81 -
قَالُوا أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ
Цара элира: 'Тхо делча‚ тхоьх латта а‚ даьIахкаш а хилча‚ тхо юха а дендийр ду?
23:82 -
لَقَدْ وُعِدْنَا نَحْنُ وَآبَاؤُنَا هَٰذَا مِنْ قَبْلُ إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
И ваIда динера тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха‚ иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац'
23:83 -
قُلْ لِمَنِ الْأَرْضُ وَمَنْ فِيهَا إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Хьенан ду латта а‚ цу чохь мел дерг а‚ шу хууш хиллехь?'
23:84 -
سَيَقُولُونَ لِلَّهِ ۚ قُلْ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ
Цара эр ду: 'Делан ду'. Ахь āла: 'Аш ойла ца йо?'
23:85 -
قُلْ مَنْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ السَّبْعِ وَرَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ
Ахь āла: 'Мила ву ворхI стигалан Кхиош-кхобург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Кхиош-кхобург?'
23:86 -
سَيَقُولُونَ لِلَّهِ ۚ قُلْ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Цара эр ду хьуна: '/Уьш/ Делан ю-кх'. Ахь āла: 'Шу ца кхоьру /Делах/?'
23:87 -
قُلْ مَنْ بِيَدِهِ مَلَكُوتُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ يُجِيرُ وَلَا يُجَارُ عَلَيْهِ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ахь āла: 'Мила ву шен карахь массо а хIуманан паччахьалла дерг‚ ша /кхиберш/ ларош верг‚ шена дуьхьал /кхечара/ ларон йиш йоцург‚ шу хууш хиллехь?'
23:88 -
سَيَقُولُونَ لِلَّهِ ۚ قُلْ فَأَنَّىٰ تُسْحَرُونَ
Цара эр ду: 'Дела ву-кх'. Ахь āла: 'Ма бозбуунчалла деш ду-кх шуна!'
23:89 -
بَلْ أَتَيْنَاهُمْ بِالْحَقِّ وَإِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
ХIаъ‚ Оха цаьрга делира бакъдерг. Баккъалла а, уьш харцлуьйш берш ма бу
23:90 -
مَا اتَّخَذَ اللَّهُ مِنْ وَلَدٍ وَمَا كَانَ مَعَهُ مِنْ إِلَٰهٍ ۚ إِذًا لَذَهَبَ كُلُّ إِلَٰهٍ بِمَا خَلَقَ وَلَعَلَا بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يَصِفُونَ
Дала ца лецира цхьа а доьзалхо‚ ца хилира цуьнца цхьа а дела. ТIаккха-м массо а делас ша кхоьллинарг дIахьур ма дара‚ царах цхьаберш (делий) вукхарал лакхабевр ма бара. ЦIена ву и Дела цара Шех кхуллучух
23:91 -
عَالِمِ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ فَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волу‚ лакхаваьлла Иза цара шеца накъост лоцучух
23:92 -
قُلْ رَبِّ إِمَّا تُرِيَنِّي مَا يُوعَدُونَ
Ахь āла: 'Со Кхиош-кхобург‚ нагахь Ахь гайтанне а гайтахь суна царна хир ду аьлларг (Iазап),
23:93 -
رَبِّ فَلَا تَجْعَلْنِي فِي الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Со Кхиош-кхобург‚ тIаккха со ма хилийталахь зуламе нахана юккъехь'
23:94 -
وَإِنَّا عَلَىٰ أَنْ نُرِيَكَ مَا نَعِدُهُمْ لَقَادِرُونَ
Баккъалла а, Тхо хьоьга гайта Оха царна ваIда динарг ницкъ болуш ду хьуна‚
23:95 -
ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ السَّيِّئَةَ ۚ نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَصِفُونَ
Ахь духатохалахь вониг ша диках долчуьнца. Тхо дика хууш ду хьуна цара /Далла тIе/ кхуллург
23:96 -
وَقُلْ رَبِّ أَعُوذُ بِكَ مِنْ هَمَزَاتِ الشَّيَاطِينِ
Ахь алалахь: 'Со Кхиош-кхобург‚ со ларло Хьоьца шайтIанийн тхсдечу /вочу/ хманех
23:97 -
وَأَعُوذُ بِكَ رَبِّ أَنْ يَحْضُرُونِ
Со ларло Хьоьца‚ сан Кхиош-кхобург‚ уьш (шайтIанаш) суна гергадахкарх'
23:98 -
حَتَّىٰ إِذَا جَاءَ أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ رَبِّ ارْجِعُونِ
Царах цхьанна тIе валар деъча‚ эр ду: 'Сан Кхиош-кхобург‚ юхаверзаве-хьа со /дуьнена/
23:99 -
لَعَلِّي أَعْمَلُ صَالِحًا فِيمَا تَرَكْتُ ۚ كَلَّا ۚ إِنَّهَا كَلِمَةٌ هُوَ قَائِلُهَا ۖ وَمِنْ وَرَائِهِمْ بَرْزَخٌ إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Дика Iамал ян мегара ас‚ айса ца еш йитинарг'. ХIан-хIа! И дош ду цо (шайтIано‚ цатешачу стага) ша аьлла долу. Церан тIехьахь дуьхьало ю уьш юха денбийр болчу дийне кхаччалц
23:100
Гочдар: Магомед Магомедов