Сурат 25 Къастор, аят 1 – 6
-
تَبَارَكَ الَّذِي نَزَّلَ الْفُرْقَانَ عَلَىٰ عَبْدِهِ لِيَكُونَ لِلْعَالَمِينَ نَذِيرًا
Беркате хили Ша къастор доссош хилларг Шен лега и хилийтархьама Iаламашна кхерамча
25:1 -
الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًا وَلَمْ يَكُنْ لَهُ شَرِيكٌ فِي الْمُلْكِ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ فَقَدَّرَهُ تَقْدِيرًا
Иза /АллахI-Дела/ ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла Шегахь дерг‚ Цо ца лаьцна доьзалхо‚ вац Цунна накъост паччахьаллехь. Цо кхоьллина массо а хIума‚ барам бина цунна (массо а хIуманна) барамца
25:2 -
وَاتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ آلِهَةً لَا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ وَلَا يَمْلِكُونَ لِأَنْفُسِهِمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا وَلَا يَمْلِكُونَ مَوْتًا وَلَا حَيَاةً وَلَا نُشُورًا
Цара лецира‚ Иза а витина‚ делий‚ цара хIумма ца кхуллу‚ уьш шаьш кхуллуш бу /Дала/. Цара дола ца до шайн синошна зенна а‚ пайденна а‚ цара дола ца до даларна а‚ дахарна а‚ дендарна а
25:3 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا إِفْكٌ افْتَرَاهُ وَأَعَانَهُ عَلَيْهِ قَوْمٌ آخَرُونَ ۖ فَقَدْ جَاءُوا ظُلْمًا وَزُورًا
Элира цатешачара: 'ХIара /Къуръан/ харцдерг ду‚ ша цо (пайхамара) кхоьллина долу‚ цунна гIо дина цу тIехь кхечу наха а'. Цара деана зулам а‚ харцдерг а
25:4 -
وَقَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ اكْتَتَبَهَا فَهِيَ تُمْلَىٰ عَلَيْهِ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
Цара элира: 'Хьалхалеранчеран туьйранаш ду. Цо (Мухьаммада) яздайтина уьш‚ уьш цунна доьшуш ду Iуьйранна а‚ суьйранна а'
25:5 -
قُلْ أَنْزَلَهُ الَّذِي يَعْلَمُ السِّرَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ كَانَ غَفُورًا رَحِيمًا
Ахь āла: 'Иза /Къуръан/ доссийна Ша стигланашкахь а, лаьттахь а къайле хууш волчо. Баккъалла а, Иза хилла тх гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а'
25:6
Гочдар: Магомед Магомедов