Сурат 25 Къастор, аят 10 – 20

  1. تَبَارَكَ الَّذِي إِنْ شَاءَ جَعَلَ لَكَ خَيْرًا مِنْ ذَٰلِكَ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَيَجْعَلْ لَكَ قُصُورًا

    Беркате хили Иза‚ Шена лиъча, хуьлуьйтур яра хьуна цул диканиг – бошмаш‚ шена бухахула хиш оьхуш йолу‚ хуьлуьйтур яра хьуна гӀаланаш

    25:10
  2. بَلْ كَذَّبُوا بِالسَّاعَةِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لِمَنْ كَذَّبَ بِالسَّاعَةِ سَعِيرًا

    ХӀаъ‚ цара харцдира сахьт. Оха кечйина сахьт харцдинчунна /жоьжахатин/ цӀе

    25:11
  3. إِذَا رَأَتْهُمْ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ سَمِعُوا لَهَا تَغَيُّظًا وَزَفِيرًا

    Цунна (жоьжахатина) уьш гича генарчу меттигера‚ царна хезар ду цуьнан дералла а‚ угӀар а

    25:12
  4. وَإِذَا أُلْقُوا مِنْهَا مَكَانًا ضَيِّقًا مُقَرَّنِينَ دَعَوْا هُنَالِكَ ثُبُورًا

    Цу чуьра готтачу меттиге шаьш кхиссича‚ дӀадихкина а долуш /куьйгаш логех/‚ цара кхойкхур дара хӀаллакхиларе

    25:13
  5. لَا تَدْعُوا الْيَوْمَ ثُبُورًا وَاحِدًا وَادْعُوا ثُبُورًا كَثِيرًا

    /Эр ду цаьрга/: 'Аш ма кхайкха тахана цхьана хӀаллакхиларе‚ кхайкха дуккха а хӀаллакхиларшка!'

    25:14
  6. قُلْ أَذَٰلِكَ خَيْرٌ أَمْ جَنَّةُ الْخُلْدِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۚ كَانَتْ لَهُمْ جَزَاءً وَمَصِيرًا

    Ахь āла: 'ХӀара тоьлу‚ я гуттаренна а йолу /ялсаманин/ беш /тоьлу/‚ ша /Делах/ кхоьручарна хир ю аьлларг? И хилира царна бекхам а‚ ттовжийла а'

    25:15
  7. لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ خَالِدِينَ ۚ كَانَ عَلَىٰ رَبِّكَ وَعْدًا مَسْئُولًا

    Царна цу чохь шайна луург ю‚ гуттар /шаьш цу чохь/ лаьтташ. И хили хьан Кхиош-кхобучунна тхь жоьпаллин ваӀда

    25:16
  8. وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ وَمَا يَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ فَيَقُولُ أَأَنْتُمْ أَضْلَلْتُمْ عِبَادِي هَٰؤُلَاءِ أَمْ هُمْ ضَلُّوا السَّبِيلَ

    Ша уьш а‚ цара, И витина, шайна Ӏибадат динарш а гулбинчу дийнахь‚ Цо эр ду: 'Аш тилийра хӀара Сан леш‚ я шаьш /нийсачу/ новкъах бевлира уьш?'

    25:17
  9. قَالُوا سُبْحَانَكَ مَا كَانَ يَنْبَغِي لَنَا أَنْ نَتَّخِذَ مِنْ دُونِكَ مِنْ أَوْلِيَاءَ وَلَٰكِنْ مَتَّعْتَهُمْ وَآبَاءَهُمْ حَتَّىٰ نَسُوا الذِّكْرَ وَكَانُوا قَوْمًا بُورًا

    Цара эр: 'Вонах цӀена ву Хьо‚ тхуна оьшуш ца хилира Хьо воцург верасаш лийца‚ делахь а, Ахь зовкх хьегийтира цаьрга а‚ церан дайшка а царна хьехам бицбаллалц‚ уьш хилира хӀаллакхилла къам'

    25:18
  10. فَقَدْ كَذَّبُوكُمْ بِمَا تَقُولُونَ فَمَا تَسْتَطِيعُونَ صَرْفًا وَلَا نَصْرًا ۚ وَمَنْ يَظْلِمْ مِنْكُمْ نُذِقْهُ عَذَابًا كَبِيرًا

    /Эр ду Дала/: 'Цара шу харцдира аш дуьйцучуьнца‚ шуна ца могу духатоха а /шайх Ӏазап/‚ гӀо хилийта а. Шух милла велахь а зулам деш‚ – цуьнга Ӏовшуьйтур ду Оха доккха Ӏазап'

    25:19
  11. وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِي الْأَسْوَاقِ ۗ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ ۗ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًا

    Оха ца вахийтина хьол хьалха а элчанех /цхьа а/, цара кхача боуш а, уьш базаршкахула лелаш а бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аш собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг

    25:20

Гочдар: Магомед Магомедов