Сурат 25 Къастор, аят 20 – 22
-
وَمَا أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ إِلَّا إِنَّهُمْ لَيَأْكُلُونَ الطَّعَامَ وَيَمْشُونَ فِي الْأَسْوَاقِ ۗ وَجَعَلْنَا بَعْضَكُمْ لِبَعْضٍ فِتْنَةً أَتَصْبِرُونَ ۗ وَكَانَ رَبُّكَ بَصِيرًا
Оха ца вахийтина хьол хьалха а элчанех /цхьа а/, цара кхача боуш а, уьш базаршкахула лелаш а бен. Оха хилийтира шух цхьаберш вукхарна питана. Аш собар дой? Хилира хьан Кхиош-кхобург гуш верг
25:20 -
وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا الْمَلَائِكَةُ أَوْ نَرَىٰ رَبَّنَا ۗ لَقَدِ اسْتَكْبَرُوا فِي أَنْفُسِهِمْ وَعَتَوْا عُتُوًّا كَبِيرًا
Элира Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара: 'Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобург'. Уьш курабевлира шаьшлахь‚ /Делан/ дозанех бевлира уьш бāларал а сов
25:21 -
يَوْمَ يَرَوْنَ الْمَلَائِكَةَ لَا بُشْرَىٰ يَوْمَئِذٍ لِلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًا مَحْجُورًا
Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара (маликаша) эр ду: 'Хьарам бина хьарам бу'
25:22
Гочдар: Магомед Магомедов