Сурат 25 Къастор, аят 21 – 34
-
وَقَالَ الَّذِينَ لَا يَرْجُونَ لِقَاءَنَا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْنَا الْمَلَائِكَةُ أَوْ نَرَىٰ رَبَّنَا ۗ لَقَدِ اسْتَكْبَرُوا فِي أَنْفُسِهِمْ وَعَتَوْا عُتُوًّا كَبِيرًا
Элира Тхуна дуьхьалкхетаре дог ца дохучара: 'Вайна доссинехьара маликаш‚ я вайна гуш велахьара вайн Кхиош-кхобург'. Уьш курабевлира шаьшлахь‚ /Делан/ дозанех бевлира уьш бāларал а сов
25:21 -
يَوْمَ يَرَوْنَ الْمَلَائِكَةَ لَا بُشْرَىٰ يَوْمَئِذٍ لِلْمُجْرِمِينَ وَيَقُولُونَ حِجْرًا مَحْجُورًا
Шайна маликаш гинчу дийнахь – кхаъ хир бац оцу дийнахь къинош диначарна‚ цара (маликаша) эр ду: 'Хьарам бина хьарам бу'
25:22 -
وَقَدِمْنَا إِلَىٰ مَا عَمِلُوا مِنْ عَمَلٍ فَجَعَلْنَاهُ هَبَاءً مَنْثُورًا
Тхо тӀедирзира цара (керстанаша дуьненахь) йинчу Ӏамална‚ цунах хилийтира Оха баьржина чим (ца лерира Оха церан Ӏамалш)
25:23 -
أَصْحَابُ الْجَنَّةِ يَوْمَئِذٍ خَيْرٌ مُسْتَقَرًّا وَأَحْسَنُ مَقِيلًا
Ялсаманин дай оцу дийнахь дика хир бу чӀагӀбаларан меттигца а‚ вуно дика хир бу /делкъахь/ садаӀаран меттигца а
25:24 -
وَيَوْمَ تَشَقَّقُ السَّمَاءُ بِالْغَمَامِ وَنُزِّلَ الْمَلَائِكَةُ تَنْزِيلًا
Цу дийнахь етӀар ю стигал мархашца‚ охьадоссор ду маликаш /могӀаршца/ охьадоссорца
25:25 -
الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ لِلرَّحْمَٰنِ ۚ وَكَانَ يَوْمًا عَلَى الْكَافِرِينَ عَسِيرًا
Хьакъ-бакъ долу паччахьалла цу дийнахь Къинхетам болчунна (Далла) ду. И хилира цатешачарна хала /де/
25:26 -
وَيَوْمَ يَعَضُّ الظَّالِمُ عَلَىٰ يَدَيْهِ يَقُولُ يَا لَيْتَنِي اتَّخَذْتُ مَعَ الرَّسُولِ سَبِيلًا
Цу дийнахь зулам динчо цергаш юьхкур ю шен куьйгех‚ эр ду: 'Ма декъазваьлла-кх со. Элчанца некъ лаьцна хиллехьара ас
25:27 -
يَا وَيْلَتَىٰ لَيْتَنِي لَمْ أَتَّخِذْ فُلَانًا خَلِيلًا
Ма бала бу-кх суна! Ма лаьцнехьара-кх ас хьенех доттагӀ
25:28 -
لَقَدْ أَضَلَّنِي عَنِ الذِّكْرِ بَعْدَ إِذْ جَاءَنِي ۗ وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِلْإِنْسَانِ خَذُولًا
Тилийра цо со хьехамах‚ и соьга беъначул тӀаьхьа. ШайтӀа хилира адамна ямартхо'
25:29 -
وَقَالَ الرَّسُولُ يَا رَبِّ إِنَّ قَوْمِي اتَّخَذُوا هَٰذَا الْقُرْآنَ مَهْجُورًا
Элира элчано /Деле далхош шен гллакх/: 'Сан Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, сан къомо хӀара Къуръан дӀатесна ма дити!'
25:30 -
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا مِنَ الْمُجْرِمِينَ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ هَادِيًا وَنَصِيرًا
Иштта хӀора пайхамарна а Оха хилийтира мостагӀ къинош диначарах. Тоьур ду хьуна хьан Кхиош-кхобург хилар нисвеш верг а‚ гӀоьнча а
25:31 -
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا نُزِّلَ عَلَيْهِ الْقُرْآنُ جُمْلَةً وَاحِدَةً ۚ كَذَٰلِكَ لِنُثَبِّتَ بِهِ فُؤَادَكَ ۖ وَرَتَّلْنَاهُ تَرْتِيلًا
Элира цатешачара: 'Доьссинехьара цуьнга /хӀара/ Къуръан цхьана тептарца'. Иштта /доссийна Оха и/ шеца хьан дог чӀагӀдархьама‚ Оха дийшира и тӀеттӀа'
25:32 -
وَلَا يَأْتُونَكَ بِمَثَلٍ إِلَّا جِئْنَاكَ بِالْحَقِّ وَأَحْسَنَ تَفْسِيرًا
Хьоьга дахьар дац цара цхьа а масал (хаттар), Оха хьуна луш /и духатухуш/ бакъдерг а, вунō хаза тидар а бен
25:33 -
الَّذِينَ يُحْشَرُونَ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ إِلَىٰ جَهَنَّمَ أُولَٰئِكَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضَلُّ سَبِيلًا
Шаьш гулбийр берш шайн яххьаш тхь /текхош/ жоьжахатина тӀе – уьш бу вон берш меттигаца‚ уггар тилабелларш некъаца
25:34
Гочдар: Магомед Магомедов