Сурат 25 Къастор, аят 35 – 44

  1. وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَجَعَلْنَا مَعَهُ أَخَاهُ هَارُونَ وَزِيرًا

    Оха делира /хьалха/ Мусага жайна‚ вазир хилийтира цуьнца цуьнан ваша ХӀарун

    25:35
  2. فَقُلْنَا اذْهَبَا إِلَى الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَدَمَّرْنَاهُمْ تَدْمِيرًا

    Оха элира: 'ДӀагӀо шу шиъ шаьш Тхан аяташ харцдинчу /Фирвнан/ къомана тӀе'. ТӀаккха Оха уьш бохийра /чгчу/ бохорца

    25:36
  3. وَقَوْمَ نُوحٍ لَمَّا كَذَّبُوا الرُّسُلَ أَغْرَقْنَاهُمْ وَجَعَلْنَاهُمْ لِلنَّاسِ آيَةً ۖ وَأَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ عَذَابًا أَلِيمًا

    Нухьан къам а‚ цара элчанаш харцбича‚ хин бухабахийтира Оха уьш. Оха хилийтира царах нахана делил. Оха кечдира зуламхошна лазош долу Ӏазап

    25:37
  4. وَعَادًا وَثَمُودَ وَأَصْحَابَ الرَّسِّ وَقُرُونًا بَيْنَ ذَٰلِكَ كَثِيرًا

    Ӏадаш а‚ Самудаш а‚ Рассан дай а, царна юккъехь тӀаьхьенаш дуккха а /хӀаллакйира Оха/

    25:38
  5. وَكُلًّا ضَرَبْنَا لَهُ الْأَمْثَالَ ۖ وَكُلًّا تَبَّرْنَا تَتْبِيرًا

    ХӀоранна Оха далийра шен масалш‚ хӀора а Оха хӀаллаквира хӀаллакварца

    25:39
  6. وَلَقَدْ أَتَوْا عَلَى الْقَرْيَةِ الَّتِي أُمْطِرَتْ مَطَرَ السَّوْءِ ۚ أَفَلَمْ يَكُونُوا يَرَوْنَهَا ۚ بَلْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ نُشُورًا

    Уьш (Маккан керстанаш) ма бахарий юьрта тӀе‚ шена тӀе вонан догӀа дилхина хиллачу. Ткъа уьш хилира и ца гуш? ХӀан-хӀа! Уьш хилира юхадендаре дог ца дохуш

    25:40
  7. وَإِذَا رَأَوْكَ إِنْ يَتَّخِذُونَكَ إِلَّا هُزُوًا أَهَٰذَا الَّذِي بَعَثَ اللَّهُ رَسُولًا

    Хьо шайна гича‚ хьох белар до цара: 'ХӀара ву Дала ваийтинарг элча вина?

    25:41
  8. إِنْ كَادَ لَيُضِلُّنَا عَنْ آلِهَتِنَا لَوْلَا أَنْ صَبَرْنَا عَلَيْهَا ۚ وَسَوْفَ يَعْلَمُونَ حِينَ يَرَوْنَ الْعَذَابَ مَنْ أَضَلُّ سَبِيلًا

    Вай вайн делех дӀатиладарах ца соцу-кх иза‚ вай царна тӀехь собар ца дахь'. ТӀаьхьа хуур ду царна шайна Ӏазап гича‚ мила хилла уггар тилавелларг некъаца

    25:42
  9. أَرَأَيْتَ مَنِ اتَّخَذَ إِلَٰهَهُ هَوَاهُ أَفَأَنْتَ تَكُونُ عَلَيْهِ وَكِيلًا

    Хьуна гини-й и шен чӀогӀа дезачу хӀуманах шена дēла лаьцнарг? Ткъа хьо хир вара цуьнан тӀехь векал? (Хьуна могур ма дац и нисван)

    25:43
  10. أَمْ تَحْسَبُ أَنَّ أَكْثَرَهُمْ يَسْمَعُونَ أَوْ يَعْقِلُونَ ۚ إِنْ هُمْ إِلَّا كَالْأَنْعَامِ ۖ بَلْ هُمْ أَضَلُّ سَبِيلًا

    Я хьуна моьтту царах дукхах берш хозуш я ойла еш бу? Уьш-м бежнаш санна а бен баций. ХӀаъ‚ уьш вуно а тилабелларш бу некъаца

    25:44

Гочдар: Магомед Магомедов