Сурат 25 Къастор, аят 45 – 60

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَىٰ رَبِّكَ كَيْفَ مَدَّ الظِّلَّ وَلَوْ شَاءَ لَجَعَلَهُ سَاكِنًا ثُمَّ جَعَلْنَا الشَّمْسَ عَلَيْهِ دَلِيلًا

    Хьо ца хьоьжу хьан Кхиош-кхобучунга‚ муха даржина Цо ӀиндагӀ? Шена лиънехьара‚ Цо и хуьлийтара дара /паргӀат/ сецца. ТӀаккха Оха малх хилийтира цунна тӀехь делил

    25:45
  2. ثُمَّ قَبَضْنَاهُ إِلَيْنَا قَبْضًا يَسِيرًا

    ТӀаккха Оха Тхайна тӀе озадира и (ӀиндагӀ) дайа озадарца (кӀез-кӀеззиг доккхуш дӀа даьккхира Оха и ӀиндагӀ, тӀаккха кӀез-кӀеззиг юхахуьлуьйту)

    25:46
  3. وَهُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِبَاسًا وَالنَّوْمَ سُبَاتًا وَجَعَلَ النَّهَارَ نُشُورًا

    Иза ву Ша хилийтинарг шуна буьйса духар хилла‚ наб – синтем хилла. Цо хилийтина де юхадендалар хилла

    25:47
  4. وَهُوَ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۚ وَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً طَهُورًا

    Иза ву баийтинарг мох кхаъ хилла Шен къинхетамал хьалха‚ Оха охьадоссира стиглара тх цӀена хи

    25:48
  5. لِنُحْيِيَ بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا وَنُسْقِيَهُ مِمَّا خَلَقْنَا أَنْعَامًا وَأَنَاسِيَّ كَثِيرًا

    Цуьнца Оха денбархьама белла мохк‚ и маладо Оха /шортта/ Тхаш кхоьллинчух бежнашна а‚ дуккха нахана а

    25:49
  6. وَلَقَدْ صَرَّفْنَاهُ بَيْنَهُمْ لِيَذَّكَّرُوا فَأَبَىٰ أَكْثَرُ النَّاسِ إِلَّا كُفُورًا

    И (хи) даржийра Оха царна юккъехь царна дагадайтархьама /Делан ниӀмат/. Тккха а нахах дукхахберш дуьхьал хилира керстаналла доцучунна

    25:50
  7. وَلَوْ شِئْنَا لَبَعَثْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ نَذِيرًا

    Тхуна лиънехьара‚ Оха ваийтина хир вара хӀор юртахь кхерамча

    25:51
  8. فَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَجَاهِدْهُمْ بِهِ جِهَادًا كَبِيرًا

    Хьо муьтӀахь ма хилалахь цатешачарна‚ къийсам латтабе цаьрца цуьнца (Къуръанца) боккха къийсам

    25:52
  9. وَهُوَ الَّذِي مَرَجَ الْبَحْرَيْنِ هَٰذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ وَجَعَلَ بَيْنَهُمَا بَرْزَخًا وَحِجْرًا مَحْجُورًا

    Иза ву ши хӀорд хецна битинарг /я оьхучу хин ши агӀо хецна йитинарг/: хӀара: теза – мерза‚ хӀара: дуьра-чемаза. Цо хилийтина цу шиннан юккъехь /доккха/ пардо а‚ чӀогӀа дуьхьало а уьш /вовшах ца эн /

    25:53
  10. وَهُوَ الَّذِي خَلَقَ مِنَ الْمَاءِ بَشَرًا فَجَعَلَهُ نَسَبًا وَصِهْرًا ۗ وَكَانَ رَبُّكَ قَدِيرًا

    Иза ву кхоьллинарг хих адам‚ Цо цунна хилийтина шен тайпан агӀорхьара гергарло а, зударийн агӀорхьара (захаллин) гергарло а. Хилира хьан Кхиош-кхобург ницкъ кхочуш

    25:54
  11. وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَنْفَعُهُمْ وَلَا يَضُرُّهُمْ ۗ وَكَانَ الْكَافِرُ عَلَىٰ رَبِّهِ ظَهِيرًا

    Цара Ӏибадат до, Дела а вуьтий, шайна пайда а‚ зен а ца дечунна. Хили цатешарг шен Кхиош-кхобучунна дуьхьал гӀоьнча

    25:55
  12. وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا مُبَشِّرًا وَنَذِيرًا

    Хьо ца вахийтина Оха кхаъ боккхург‚ кхерам тосург хилла а бен

    25:56
  13. قُلْ مَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ إِلَّا مَنْ شَاءَ أَنْ يَتَّخِذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا

    Ахь āла: 'Ас шуьга ца боьху цунна тхь цхьа а мах‚ шена луучо шен Кхиош-кхобучуьнга некъ лацар бен'

    25:57
  14. وَتَوَكَّلْ عَلَى الْحَيِّ الَّذِي لَا يَمُوتُ وَسَبِّحْ بِحَمْدِهِ ۚ وَكَفَىٰ بِهِ بِذُنُوبِ عِبَادِهِ خَبِيرًا

    Хьо тӀетовжа ша дийнаволчунна (Далла)‚ лийриг воцчу‚ тасбахь де Иза хасторца. Кхачо ю Цуьнца Шен лейн къинош дика довзарца

    25:58
  15. الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۚ الرَّحْمَٰنُ فَاسْأَلْ بِهِ خَبِيرًا

    Ишттанниг ву Иза Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг ялх дийнахь‚ тӀаккха дӀанисвелла Иза Ӏарша тӀехь. Къинхетаме верг ву Иза. Хатта цуьнах дика хууш волчуьнга

    25:59
  16. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اسْجُدُوا لِلرَّحْمَٰنِ قَالُوا وَمَا الرَّحْمَٰنُ أَنَسْجُدُ لِمَا تَأْمُرُنَا وَزَادَهُمْ نُفُورًا ۩

    Шайга аьлча: 'Сужуд де Къинхетаме волчунна'‚ цара элира: 'Мила ву и Къинхетаме верг? Ткъа оха сужуд до ахь тхуна омра дечунна?' Цо совбехира уьш /Делан некъах/ дог даларца

    25:60

Гочдар: Магомед Магомедов