Сурат 25 Къастор, аят 63 – 65
-
وَعِبَادُ الرَّحْمَٰنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا
Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехӀал наха къамел деш‚ олуш берш: 'Салам! '
25:63 -
وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا
/Далла/ сужудане баханчу хьолехь а, ирахьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/
25:64 -
وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا
Олуш берш /а бу/: 'Тхан Кхиош-кхобург! ДӀадаккхалахь тхох жоьжахатин Ӏазап. Баккъалла а, цуьнан Ӏазап хилла тӀедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ)
25:65
Гочдар: Магомед Магомедов