Сурат 25 Къастор, аят 63 – 68

  1. وَعِبَادُ الرَّحْمَٰنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا

    Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехӀал наха къамел деш‚ олуш берш: 'Салам! '

    25:63
  2. وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا

    /Далла/ сужудане баханчу хьолехь а, ирахьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/

    25:64
  3. وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا

    Олуш берш /а бу/: 'Тхан Кхиош-кхобург! ДӀадаккхалахь тхох жоьжахатин Ӏазап. Баккъалла а, цуьнан Ӏазап хилла тӀедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ)

    25:65
  4. إِنَّهَا سَاءَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا

    Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаӀа/ меттиг хиларна а'

    25:66
  5. وَالَّذِينَ إِذَا أَنْفَقُوا لَمْ يُسْرِفُوا وَلَمْ يَقْتُرُوا وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًا

    ШӀаьш /сагӀа доккхуш, кхин/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу юккъехь хӀоьттина лаьтташ берш а /бу Цу Делан дика леш/

    25:67
  6. وَالَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ يَلْقَ أَثَامًا

    Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш а /бу Делан дика леш/. Цара ца дойу са, Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен. Зина ца до цара. И деш верг къица дуьхьалкхетар ву

    25:68

Гочдар: Магомед Магомедов