Сурат 25 Къастор, аят 63 – 74

  1. وَعِبَادُ الرَّحْمَٰنِ الَّذِينَ يَمْشُونَ عَلَى الْأَرْضِ هَوْنًا وَإِذَا خَاطَبَهُمُ الْجَاهِلُونَ قَالُوا سَلَامًا

    Къинхетаме волчун леш бу – шаьш эсала (кура боцуш) лаьттахула лелаш берш, шайца жехӀал наха къамел деш‚ олуш берш: 'Салам! '

    25:63
  2. وَالَّذِينَ يَبِيتُونَ لِرَبِّهِمْ سُجَّدًا وَقِيَامًا

    /Далла/ сужудане баханчу хьолехь а, ирахьттина лаьтташ а ламазаш дарций буьйсанаш ден еш берш а /бу/

    25:64
  3. وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا اصْرِفْ عَنَّا عَذَابَ جَهَنَّمَ ۖ إِنَّ عَذَابَهَا كَانَ غَرَامًا

    Олуш берш /а бу/: 'Тхан Кхиош-кхобург! ДӀадаккхалахь тхох жоьжахатин Ӏазап. Баккъалла а, цуьнан Ӏазап хилла тӀедоьжна (къинош дечарах ца къаьсташ)

    25:65
  4. إِنَّهَا سَاءَتْ مُسْتَقَرًّا وَمُقَامًا

    Баккъалла а, ма вон хили-кх иза /чохь/ латтарна а‚ /садаӀа/ меттиг хиларна а'

    25:66
  5. وَالَّذِينَ إِذَا أَنْفَقُوا لَمْ يُسْرِفُوا وَلَمْ يَقْتُرُوا وَكَانَ بَيْنَ ذَٰلِكَ قَوَامًا

    ШӀаьш /сагӀа доккхуш, кхин/ харжаш еш, кхоам а беш‚ пис а ца хуьлуш‚ цу юккъехь хӀоьттина лаьтташ берш а /бу Цу Делан дика леш/

    25:67
  6. وَالَّذِينَ لَا يَدْعُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ وَلَا يَقْتُلُونَ النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَا يَزْنُونَ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ يَلْقَ أَثَامًا

    Делаца кхин деле ца кхойкхуш берш а /бу Делан дика леш/. Цара ца дойу са, Дала ша /ден/ хьарам дина долу‚ /ден/ хьакъ долуш бен. Зина ца до цара. И деш верг къица дуьхьалкхетар ву

    25:68
  7. يُضَاعَفْ لَهُ الْعَذَابُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَيَخْلُدْ فِيهِ مُهَانًا

    Шозза алсам доккхур ду цунна (Делаца накъост лаьцначунна) Ӏазап къематдийнахь‚ гуттар лаьттар ву иза цу чохь сийсаза хилла

    25:69
  8. إِلَّا مَنْ تَابَ وَآمَنَ وَعَمِلَ عَمَلًا صَالِحًا فَأُولَٰئِكَ يُبَدِّلُ اللَّهُ سَيِّئَاتِهِمْ حَسَنَاتٍ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Ша тōба динарг а‚ ийман диллинарг а‚ дика Ӏамал йинарг а воцург – уьш бу Дала шайн вонаш диканашца хийцор дерш. Хили Дела тх гечдеш верг а‚ къинхетаме а верг

    25:70
  9. وَمَنْ تَابَ وَعَمِلَ صَالِحًا فَإِنَّهُ يَتُوبُ إِلَى اللَّهِ مَتَابًا

    Тōба динарг а‚ дика Ӏамал йинарг а – баккъалла а, цо тōба до Деле /къиношна/ дохко валарца

    25:71
  10. وَالَّذِينَ لَا يَشْهَدُونَ الزُّورَ وَإِذَا مَرُّوا بِاللَّغْوِ مَرُّوا كِرَامًا

    Харц тешалла ца деш берш а‚ шаьш даьссачу хабарна уллохула боьдуш – оьзда чекхболуш берш а /бу царах/

    25:72
  11. وَالَّذِينَ إِذَا ذُكِّرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَمْ يَخِرُّوا عَلَيْهَا صُمًّا وَعُمْيَانًا

    Шайн Кхиош-кхобучун аяташ шайна тӀехь хьехийча, къора хиларций а, бьрзе хиларций а царах д ца боьрзу уьш

    25:73
  12. وَالَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَاجِنَا وَذُرِّيَّاتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍ وَاجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا

    Олуш берш / бу уьш/: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ лōлахь тхуна тхан зударех а‚ доьзалах а бӀаьрг бекхабалар‚ тхо хилийталахь /Делах/ кхоьручарна масал (уьш Тхуна тӀаьхьахӀуттуш)'

    25:74

Гочдар: Магомед Магомедов